From Wikipedia, the free encyclopedia
Чанакья (370—283 шш. в. з. к.), иштта а вевзуш ву Каутилья, Вишнугупта, Ватсьяяна цӀерашца — гӀарваьлла ХӀиндийн брахман, Чандрагупта паччахь Магадхе пачхьалкхахь дарже хоттош а, цул хьалхалера паччахь вохош а доккха дакъа лецнарг. Иза вевзуш вара шен хьекъал а, хӀилла а бахьнехь. Индехь иза вустуш ву Макиавеллица. Амма Макиавеллис шен книгаш язйира Чанакьял 1800 шо тӀехь. Цо язйина олуш ду политикех а, оьздингаллех а лаьцна Чанакья-сутра а, Чанакья-раджанитишастра а цӀераш йолу трактаташ. Иштта цо язйина «Артхашастра» цӀе йолу политикин трактат[1]. Санскритехь иза ду «Пайданах лаьцна Ӏилма» бохург.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.