Седаев, Мухади Мовладиевич
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
From Wikipedia, the free encyclopedia
Муха́ди Мовла́диевич Седа́ев (1962 шеран 8 сентябрь, Хьалха-Марта, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, масийттуза СССР чемпион а, СССР Кубок йаьккхинарг а, СССР халкъашна йуккъера классан спортан говзанча.
Мухади Мовладиевич Седаев | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьршаниг |
Пачхьалкх | СССР → Росси |
Говзалла | штангист |
Вина терахь | 1962 шеран 8 сентябрь (61 шо) |
Вина меттиг | Хьалха-Марта, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
Спортан карьера | 1972-1992 |
Тренераш | Кодзоев |
Йозалла | 60 кг |
Иза винера 1962 шеран 8 сентябрехь Хьалха-Мартахь. КхозлугӀа классехь паргӀата кепар латаран секци аьха волавелира иза. Кеста цо республикин чемпионатехь толам а беккхира, спортан мастеран кандидатан норма кхочуш а йира. 1980-гӀа шераш долалуш хенахь иза йеза атлетикин секци аьха волавелира. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев. Мухади вара 56 а, 60 а кг кхаччалц йолу категоришкахь леташ.
Беа баттахь цо спортан мастеран кандидатан норма кхочуш йира, кхиъ беа баттахь — спортан мастеран норма. 1982 шарахь Томскехь иза юниорашна йукъахь йолу СССР чемпионатехь чемпион хилира. Иштта цу шарахь иза кхиинчу спортсменан йукъахь чемпион а, халкъашна йуккъера СССР спортан мастер а хилира. 1982 шарахь иза СССР йеза атлетикин гулйина командан декъашхо хилира.
Цо йитира йоккха спорт 1992 шарахь. ХӀинца иза ву Хьалха-Мартан СДЮСШ тренер болх беш.
2012 шарахь Львовехь ветеранашна йуккъера дуьненан чемпионатехь цо шозлугӀа меттиг а йаьккхира, рывок йеш хьалхара меттиг а йаьккхира. 2013 шарахь Туринехь ветеранашна йуккъера дуьненан чемпионатехь 56 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь цо толам а беккхира, йиъ дуьненан рекорд а хӀоттайира.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.