хьадисан Ӏилманча From Wikipedia, the free encyclopedia
Мухьаддис (Ӏаьр. مُحَدِّثٌ) — иза хьадисан Ӏилманна тӀехь къахьоьгуш волу Ӏеламстаг ву. Иза хьадисийн дуккха а ривайаташ а, уьш дийцинчийн (рави) хьелаш а девзаш верг ву, ткъа царна йукъахь уггар гӀарабевллачарех бу «ас-сунанус-ситтат» олучу жайнийн авторш: аль-Бухари а, Муслим а, Абу Давуд а, ан-Насаи а, ат-Тирмизий а, Ибн МажахӀ а, царна йукъахь бу шина сахьихьна шархь дарца гӀарабевлларш: ан-Нававий а, Ибн Хьажар аль-Ӏаскъалани а, ткъа факъихӀашна йукъахь бу: Ахьмад ибн Хьанбал а, Малик ибн Анас а, Ибн Таймийят а, цуьнан мутаӀелам Ибн Къаййим аль-Жавзийят а, ас-СуютӀи а, ткъа историкашна йукъахь бу: Шамсуддин аз-ЗахӀабий а, аль-Хьаким ан-Найсабури а, Ибн Касир а, Абу-Бакр ибн Абу Хайтамат а, ад-Динавари а, ас-Сахави а, ткъа къариэх ву: ад-ДаракъутӀни а, Ибн аль-Жазари а[1].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.