From Wikipedia, the free encyclopedia
Кхерч — цӀе лато а, йаго а меттиг йа гӀирс.
Ширачу заманара адамаша цӀе лелайаран дуьххьарлера тешаллаш ду Малхбален Африкера ширачу ховшийлашкахь. 2009 шарахь Исраилера Якъубан йоӀарийн тӀайн уллехь бинчу талламаша гойту 790—690 эзар шо хьалха дуьйна адамо цӀе лелайар. ЦӀеран коьрта кхерч гуонаха дехкина тӀулгаш хилла. Иштта цӀе, дукха хьолахь, йукъаралла цхьаьнакхета меттиг хилла.
Зороастризмем латийна цӀе чохь йолу пхьегӀан ламазаш деш хилла. Кхазакхийн тайпа ду «ошакхты». Оцу тайпанан хӀост йу цхьа са хьалахьоьжу кхосаберг. Ширачу заманахь хӀостан кхосаболу кеп тайпанан цӀарца йогӀуш хилла ошакхты (ошак — кхерч, аьлчи а — «Кхерчнаш»), ткъа кхо са – тӀехь йуург кечйеш йолу очакхан сурт долчух тера ду.
Йуккъерачу бӀешерийн кхерч цӀийнан къасто йишйоцу дакъа хилла. Пешахь йуург еш хилла, цуьнца шийлачу деношкахь бохлуш хилла. Пешаца Скандинавехь а, Русехь а банеш а, саунаш а йоххош хилла. Оьрсийн цӀенош пешаш йукъайовлале дохдеш хилла лакхе йиллина тӀулгех боьттина кхерчахь цӀе а латош, ткъа кӀура араболуш хилла йиллинчу неӀархула, ткъа тӀаьхьа — дӀадоьллучу корехула.
ХӀинца малхбузен дуьненахь кхерч бу цӀийнан декоративан дакъа (товха), амма, доккхах долчу Дуьненан бахархойн декъан кхерч практикехь лелош бу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.