From Wikipedia, the free encyclopedia
Ийдалан Булга́ри (Детин Булгари[9], Болгарин ханалла[10], Булгарин паччахьалла, Ийдалан-Камин Булгари[2]; гӀез. Идел буе Болгары, чуваш. Атӑлҫи́ Пӑлха́р, Нухрат Пӑлхар[9])[~ 2] — X - XIII бӀешерашкахь хиллачу Йуккъера Ийдалйистан а, Камин майданера историн пачхьалкх.
Историн пачхьалкх | |
Ийдалан Булгари | |
---|---|
оьрс. Волжская Булгария | |
VII бӀешо — 1240
|
|
Коьрта гӀала |
Болгар (X бӀешеран йуьхьиг[1] – X бӀешеран 2-гӀа чийрик кхаччалц.[2]), Биляр (100 эз.)[3] (X бӀешеран 2-гӀа чийрикера[2] – XIII бӀешеран йуьххье кхаччалц) |
Мотт (меттанаш) | булгарийн[4] , туьрки[~ 1] |
Официалан мотт | булгарин мотт[5] |
Дин | ислам, керста, славянийн текъамдин, тенгрианалла |
Ахча | сом[6] [7] , динар[8] |
Бахархой | 2 млн. булгараш, сувараш, эскелаш, барсилаш, баланджараш |
Урхаллин тайпа | монархи |
Йаккхий гӀаланаш | Биляр, Болгар, Сувар, Жукотин |
Кар-кара далар | |
← Сийлахь Болгари | |
Дешин Орда → Дешин Ордин Булгарин улус → |
|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йуккъераийдалан регионан исторехь, цуьнан кхоллайаларехь къастайо болгарел хьалхара зама (VIII бӀешо кхаччалц), хьалхараболгарийн мур (VIII—X бӀешераш), Болгарин пачхьалкх кхиаран а, къагаран а мур (XI — XIII бӀешеран хьалхара ткъе кхойтта шо), дешин ордан мур (XIII — XV бӀешеран йукъ)[11].
VII бӀешеран шолгӀачу декъехь дукхаха дерг кутригурийн тайпанех лаьтта орданех цхьаъ, Котраг йуьххьехь волуш Азовйистера Сийлахь Болгарин махкара йолайелира къилбаседехьа, охьахевшира Йуккъера Ийдалан а, Камин а кӀоштахь, дукхаха дерг баьржира финнийн-угорийн тайпанашна йукъахь.
ЧӀогӀа тӀеман кечам болу булгараша, тӀаьхь-тӀаьхьа аратеттира йа иэшийра балтийн-славянийн тайпанаш («Именьковн оьздангаллин» бахархой), шайн куьйга кӀела берзийра баланджараш, барсилаш, савираш, эсегелаш, билераш, кхин туьркийн а, финнийн-угорийн тайпанаш. ЖамӀехь VIII бӀешарахь Йуккъера Ийдалйистехь кхоллало булгарийн тайпанийн барт, тӀаьхьа цунах хуьлу пачхьалкх Ийдалан Булгари. ТӀаьхьуо Ийдалан Булгарин бахархошна йукъакхета огузийн-печенегийн а, кипчакийн а тайпанийн цхьацца тобанаш, кхин а лулара къаьмнийн (буртасаш, мажараш, муромаш, кхи дӀа а).
922 шарахь йылтывар Алмуша йахӀудийн дин лелош болу хазарашна дуьхьала тӀеман гӀо лоьхуш, кхойкху БагӀдадера вакилат, официалан кхайкхадо хьанафийн кхетаман ислам пачхьалкхан дин, тӀеоьцу эмиран дарж а, Джафар ибн ӀабдаллахӀ цӀе а[12]. Амма «нах» (куьйгакӀелара тайпа) Саван[13] коьртехь «паччахь Вираг» а волуш, тера ду, оцу гӀуллакхна реза ца хилира, иза бахьнехь болгарийн элий шина декъе бекъабелира (шолгӀачунна коьрте хӀоьттира «паччахь Аскал»). Алмуша кхерам тесна (тарраш деттар ду аьлла), хьалхара дакъа а къарделира. Гуш дара, «Паччахь» Вираг Саван Ийдалан Булгарехь даржаца шолгӀа стаг хилар (шолгӀа тӀегӀа хьаканал лахара) йылтывар Алмушал тӀаьхьа (хьалхара тӀегӀа хьаканал лахара). Цул сов, хууш ду, «паччахьан Алмушан» шен тайпанца хилла «виъ куьйгакӀелара паччахь» шайн тайпанашца, иза пачхьалкхан структура а хуьлу, «Булгараш» цӀе — «пхи гар (дакъа)» — кхолларан теорех цхьаъ а хуьлу[14]. Бийцина хиламаш а, факташ а йазйина йу багӀдадан Ийдалан тӀе йахана вакилатан декъахочун Ахьмад Ибн Фадланан тептаршкахь[15].
Алмушал тӀаьхьа урхалла дира цуьнан кӀанта Микаил ибн ДжаӀфара, цул тӀаьхьа кӀентан кӀанта ӀабдуллахӀ ибн Микаила[16].
965 шарахь, Хазарийн каганат йоьжначул тӀаьхьа, хьалха цуьнан куьйгакӀела хилла Булгари йуьззина маьрша йелира, амма хало Ӏевшира киевн эла Святослав Игоревич малхбале тӀелатар бахьнехь (964—969).
X бӀешеран дохаллехь шираоьрсийн пачхьалкхан элий Ийдалан-Камин Болгарин тӀелийтира. Гуттаренна кхерамаш хиларо булгарашка шайн пачхьалкхан коьрта шахьар дехьайаккхийтира Каминдехьен йуккъерачу декъе — Биляр гӀала.
985 шарахь киевн эла Владимир Святославич торкашца бертахь тӀемца бахара Булгарин тӀелата, машаран барт бира цуьнца[~ 3].
986 шарахь Ийдалан Булгарин вакилат йахара Киев коьртехь Владимир волу киевхошка булгарашкара иман дилла аьлла.
1006 шарахь Русан а, Ийдалан Булгарин а йукъахь махлелоран барт бира: булгарийн совдегархойн маьрша махлело таро йара Ийдалан а, Окан а тӀаьхь, ткъа Русин совдегархойн — Булгарехь. 1088 шарахь камин булгараша йоцучу ханна схьайаьккхира Муром. 1107 шарахь ийдалан булгараша гуо лаьцна йаьккхира Суздаль.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.