From Wikipedia, the free encyclopedia
Ва́лид Шита́евич Дага́ев (1940 шеран 30 июнь, Керла Алда, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн эшархо, музыкант, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1970 шо), РСФСР Сийлахь артист (1973 шо)[1], РСФСР Халкъан артист (1984 шо), Ахмат Кадыровн орденан кавалер (2009 шо)[2].
Валид Шитаевич Дагаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | композитор, эшархо |
Вина терахь | 1940 шеран 30 июнь |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2016 шеран 22 сентябрь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | эшархо, музыкант, композитор |
Гражданалла | ССРС → Росси |
СовгӀаташ |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Валид Дагаев | |
Вина 1940 шеран 30 июнехь Керла Алдахь. 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабехира. Цу хенахь лайна халонаш бахьнехь цуьнан бӀаьраса талха доладелира.
Жима волчу хенара дуьйна иза вара эшараш локхуш хазахеташ. Цунна чӀогӀа пондар безар. Амма иза эца таронаш йацар цера. Цундела гӀожех пондар сурт дина иза ловзош цӀо шен пӀелгаш лаза бохура. Кестта цуьнан де йишас цунна балалайке белира. ХӀора динахь цунна тӀехь ловза Ӏемира иза. Кеста иза хилира нахана йуккъехь вевзаш пондарча.
1957 шарахь волавелира Нохч-ГӀалгӀайн эшеран а, хелхаран а пачхьалкхан ансамблехь солист болх бан. Дика аз хиларна а, пондар дика лакхарна а иза кеста нахан вевзира а, везавелира а. Цо локху дукха эшараш кхоьллина бевзаш болу нохчийн поэташца цхьана: Магомед Мамакаев, Магомед Сулаев, Шайхи Арсанукаев, Ахмад Сулейманов, Магомед Гадаев, Шаид Рашидов, Магомед Дикаев, кхибераш а.
1968 шо дуьйна иза вара Нохч-ГӀалгӀайн филармонехь болх беш. 1970 шарахь цунна йелира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистан цӀе. 1972 шарахь иза хилира Дон-тӀера-Ростовехь хилла Йерригроссийн фестивалин лауреат. 1973 шарахь цунна йелира «РСФСР Сийлахь артистан» цӀе, 1988 шарахь — «РСФСР Халкъан артистан» цӀе.
Валид Дагаеван репертуарехь йу эшараш гуьржийн, гӀиргӀазойн, кхазакхийн, гӀумкийн, оьрсийн меттанашкахь а, Российн а, СНГ а халкъийн меттанашкахь а. Валид Дагаевс дагатуьйсу[3]:
Тбилисехь гастролешкахь волуш аса гуьржийн маттахь эшар лекхира. Наха чӀогӀа тӀараш диттира. Концерт чекхйаьлча суна тӀе ши гуьржи веара. Цхьаммо хеттира: хьо гуьржи вуй? Аса бах: вац. ТӀаккха шозлугӀачьо элира: хьажахь, сайн машенах вели-кх со! |
Хьалхара тӀом баьлча цуьнан шен болх бита бийзира. И тӀом бахьнехь цуьнна кхуза шен цӀенош йухадан дийзира. Керла халонаш долчуна а тӀе цуьнан бӀаьрса талхира. Амма иза хӀинца а ву концерташкахь дакъа лоцуш а, йукъараллин болх дӀакхоьхьуш а, къона артисташан гӀо деш а, нахан гӀоьнан йеш йолу концерташкахь дакъа лоцуш а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.