From Wikipedia, the free encyclopedia
ГуьчггӀеран Аюбан Ӏела (оьрс. Али Аюбович Гучигов) (1914, Хьалха-Марта — 1957 шеран 29 сентябрь) — нохчийн XX бӀешеран хьалхаран эхан пачхьалкхан гӀуллакххо, Сийлахь-боккха даймехкан тӀеман декъашхо, гвардин майор.
ГуьчггӀеран Аюбан Ӏела оьрс. Али Аюбович Гучигов | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | политик |
Вина терахь | 1914 |
Вина меттиг | Хьалха-Марта |
Кхелхина терахь | 1957 шеран 29 сентябрь |
Корматалла | пачхьалкхан а, тӀеман а гӀуллакххо |
Гражданалла | СССР |
Да | Аюб |
Зуда |
|
Бераш |
|
СовгӀаташ |
Иза винера 1914 шарахь Хьалха-Мартахь. 17 шо кхаьчча иза хилира Хьалха-МартантӀехь «Ленинан некъ» колхозехь бригадир. Дика къахьегаран цунна нохчийн йукъара хьалхара «Силаллийн орден» йелира. Иза хаьржира Хьалха-Мартанан райисполкоман председатель.
Иза вара СССР Лакхара Советан 1 созыван депутат.
1939 шарахь иза шен лаамехь советско-фински тӀамтӀе вахара. Цо дакъалецира Москвахь 1941 шеран 7 ноябрехь ЦӀен майданехь хиллачу парадехь.
Брянскан уллехь иза гвардеец хилира. Циггахь цо шен хьалхара орден йаккхира — ЦӀен Байракхан орден. Кхузахь цо шен взвод хӀаллакхилучура къелхьарайаккхира, цунна шиъ чов а йира. Кёнигсберган уллехь шен хьаьким вийча цо айбира шен батальон мостагӀан тӀелата.
Официальни боцу хаамца, иза вара хьалхара Кёнигсберган комендант. Амма нохчий хиларна оцу даржера дӀавеккхира.
Али Гучигов вевзаш вара Рокоссовски маршалан. Гучигован хьаьким вара Советски Союзан маршал, 11-гӀа гвардин эскаран куьйгалхо И. Х. Баграмян. Али Гучигован бераш лардеш ду И. Х. Баграмянас Ӏали кӀанте Гучигов Ахьмадега 1974 шарахь йаздина кехат. Цу тӀехь йаздина дара:
… в отличных боевых качествах, в благородстве, мужестве и храбрости майора Али Гучигова йа убедился на протяжении почти полуторагодичного командования армией. Должен сказать, что благодаря самоотверженному отношению Али Гучигова к своим обязанностям, боевая охрана штаба армии и её командного пункта всегда осуществлялась на самом высоком уровне и заслуживала всегда достойной похвалы… |
Кехат чекхдолу И. Х. Баграмянс йаздира:
Дорогой Ахмед Алиевич! Вот таким славным командиром Советской армии был Ваш отец. Я до сего времени не могу забыть о нём. Крайне опечален, что он слишком рано ушел из жизни, но уверен, что Вы — его сын, достойно продолжите его замечательную жизнь полную патриотизма и героизма во славу нашей великой Родины. С искренним уважением маршал Советского Союза И. Х. Баграмян[1]. |
Гучигов шозза хьалхатеттира Советски Союзан Турпалан цӀе йаларна, амма шозза а иза къобал ца вира нохчий хиларна.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.