From Wikipedia, the free encyclopedia
Висцералан лейшманиоз (инг. visceral leishmaniasis) — Ӏаламан-кхерчан тропикин цамгар; синонимаш: Дум-Дум хорша, кала-азар (санскр. маттера гочдича — «Ӏаьржа хорша»)[3]. Уггаре хала кеп лейшманиоз. Йицйелла цамгаршна йукъара йу[4].
Туху аттаха (Лейшманеш тайпа) кепаша Leishmania donovani а, L. infantum а (Латинан Америкехь тӀаьххьарчу кепах олу L. chagasi). Лазар даржорг москиташ йу.
Лейшманеш чуйулу даьӀахкийн тӀамарна а, Ретикулан-эндотелиалан системин клеткашна.
Цамгар хаало Африкехь а, Къилба Азин а (антропонозан висцералан лейшманиоз, карзахдоккхург — L. donovani), ЛаттайуккъерахӀордйистан а, Къилба Америкин а (зоонозин висцералан лейшманиоз, карзахдоккхург — L. infantum/chagasi) мехкашкахь. ХӀора шарахь висцералан лейшманиозца цомгуш хуьлу ахмиллион гергга стаг, ткъа лазарх ле — 50000 гергга[5].
Цамгаран билгалонашна йукъахь ду: гӀелвалар, хорша эхар, цӀийн чуьра лейкоциташ охьайовлар, доӀах а, Ӏонжар а дестар, тӀаьхьа талха а телхаш.
Дарбанна леладо пхеавалентан сурьмин препараташ, амфотерицин B, милтефозин.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.