Айдамирова, Марьям Ахьмадовна (1924 шеран 1 январь, Бена-Йурт, Теркан кӀошт, Нохчийн автономин область, РСФСР, СССР — 1992 шеран 2 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн эшархо, пондарча, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист, РСФСР Сийлахь артист.

Доца факташ Айдамирова Марьям Ахьмадовна, Коьрта хаам ...

Айдамирова Марьям Ахьмадовна
Thumb
Коьрта хаам
Йина терахь 1924 шеран 1 январь({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Йина меттиг Бена-Йурт, Теркан кӀошт, Нохчийн автономин область, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 1992 шеран 2 ноябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (68 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзаллаш эшархо, пондарча, композитор
Коллективаш Соьлжа-ГӀалин филармони
СовгӀаташ
РСФСР Хьакъдолу артист
ДӀачӀагӀа
Доца факташ Арахьара суьрташ ...
Арахьара суьрташ
Марьям Айдамирова
ДӀачӀагӀа

Биографи

Йина 1924 шеран 1 январехь Теркан кӀоштан Бена-Йуртахь. Иза шен ден-ненан цхьаъ бен йацар. Эшарш лакъа йолаелира школера исбаьхьаллин кхолламалин кружокехь. Оцу кружоке иза цуьнца доьшуш хилла Махмуд Эсамбаевс йалира. 5-гӀа классехь йолуш хенахь цо дакъа лецира Пятигорскехь хилла хьуьнаре берийн конкурсехь. Амма цуьнан лерина музыкин образовани ца хилла.

Нохчийн цӀера баьхна зама цо Джамбулехь йаьккхийра. Цуьнан накъостас иза столови балха дӀанисйира. Цигахь цо хӀума яа баьхна нахан эшараш лоькхура. Шен гӀонна делла кӀеззиг ахчанах цуьнан нанас кехат пондар йицира. Аза лакха Ӏемира Марьям. Ша йаьккхина йаа хӀума цо шен гергарчарна а, лулахошна а йокъура.

Кеста иза кхайкхира Кхазакхийн операн театрехь болх бан. Иза шен комплексан концертан бригадаца юрташках концерташ луш лелара. Иза йара шен районера дозанал араяла бакъо еллачарех хьалхарниг. Цо эшараш лоькхуш хенахь нах шайн даймохк дага оьхуш боьлхура.

Ша миччхьа а йахача цо цигахь Ӏаш болу халкъан маттахь эшараш Ӏамайора. Цо локхура нохчийн а, кхазакхийн а, гӀиргӀазойн а, узбекийн а, аьрмлойн а, хӀирийн а меттанашкахь.

Казахийн театрехь цо болх бира 1956 шо кхаччалц. Цу шарахь йуха а кхуллуш йолу «Вайнах» ансамбле нах эца болабелира. Иза харжарах чекхъелира, амма цунна тӀедожийра музыкин училище чекхйаккхар. Шена тӀедожинарг цо кхочуш дира.

1957 шарахь ца йеанчул тӀехь иза Соьлжа-ГӀалин филармони балха йахара. Марьям гастролешца 20 сов паччхьалкхе кхечира. Филармонехь цо ша 1992 шеран 2 ноябрехь йаллалц болх бира — 35 шарал сов.

Доьзалла

Цуьнан ши йоӀ а, кӀан а бара.

  • Цуьнан цӀин да велира 1966 шеран 26 апрелехь Ташкентехь мохк бегош хенахь;
  • Цуьнан кӀант велира 13 шо кхьачна волуш хенахь;
  • Цуьнан йоӀ Зулайс ГИТИС чекхйаьккхина. Иза йу Нурадилован цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан театран актриса, Нохчийн Республикин Халкъан артистка;
  • Цуьнан йоӀ Маликас чекхйаьккхина культпросветучилищен хореографически отделени;

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.