Ӏилманан методологи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏилманан методоло́ги, ма-дарра кхетийча, — иза Ӏилманан гӀуллакхийн методех а, процедурех а лаьцна Ӏилма ду, ткъа иштта йукъара хааран теорин декъах (гносеологи) а, кхин а башха Ӏилманан хааран теори (эпистемологи) а, Ӏилманан философи а.
Методоло́ги, прикладни маьӀнехь, — иза талламан белхан хьесапийн а, тӀеваран а система (вовшех йоьзна цхьана хиларан комплекс) ю, цунна тӀетевжа талламча (Ӏилманча) билгалчу дисциплинан гуранчохь физикехь, химехь, биологехь, кхечу Ӏилманан дисциплинашкахь хаарш гулдарехь а, кечдарехь а. Ца оьшу методологи методикаца иэян.
Ӏилманан методологин коьрта Ӏалашо ю къовламе нисйина а, чекхъевлла а хьесапийн, кепийн, бакъонийн, нормийн системийн апробацица эвристикин кепара хаар латтор. Талламан балхахь аьтту хилийта (масала, бакъаӀаморан областехь) Ӏилманчан хаа еза кепан «къайле», хила еза Ӏилманан ойлан эвристикин[1]. Хаа еза йолуш йолу методологи, хӀунда аьлча хӀора талламчан аьтту бац шен, оригиналан тӀехьахитта тоъал нах болуш Ӏилманан талламан методологи кхолла, буьззина бух болуш, цуо иза кхайкхо йиш йолуш шен Ӏилманан ишкол кхолла. Цундела талламчийн коьрта дакъа, Ӏилманан жамӀашка кхачархьама зийна методологин кепаш лелош, тӀетовжа деза болчу некъашна (кепашна).