![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/f/f1/EasternBlocAfter.svg/langce-640px-EasternBlocAfter.svg.png&w=640&q=50)
1989 шеран революцеш
From Wikipedia, the free encyclopedia
1989 шеран антикоммунистийн революцеш, наггахь олу Малхбузан мехкийн «Къаьмнийн гуьйре»[1], 1989 шеран гурахь хилла Юккъера а, Малхбален а Европера Ӏедал хийцадаларан тулгӀе.
1989 шеран революцеш | |
---|---|
![]() | |
Меттиг | |
Терахь | 1989 шеран шолгӀа дакъа |
Бахьна | Социалистийн системан къоьлла, ССРС Ӏаткъам лагӀбалар, къоман ойланаш айаялар |
Коьрта Ӏалашо | Политикин а, экономикин а реформаш |
ЖамӀ | ХСРА, ХРБ, МХР, ПХР, СРР, ЧССР, СФРЮ, МХР, ССРС демократе дехьаялар, Германи цхьаьнатохар, ЦХР, СРВ, ЛХДР базаран хийцамаш; Варшавин бертан кхоллам а, ЭВКх бохар, ССРС йоха йолаялар. |
Вовшахтохархой | Демократин партеш |
Декъахойн барам | 1 млн гергга стаг |
МостагӀий | Социалистийн лагерь |
Лецна | Николае Чаушеску зудчунца, кхин а. |
![]() |
Масех баттахь дӀаехира советийн агӀора йолу коммунистийн ражаш, цунах Малхбузехь олу 1848 шеран «Къаьмнийн бӀаьстенан» аналоги. Коммунистийн ражаш эгар доьзна дара ССРС йолчу юхадӀахӀотторца, ткъа доладелира Польшин Халкъан Республикин тӀийра, цул тӀаьхьа массашкахь реза ца хилар гайтина, Ӏедал хийцира ГДР, ЧССР, ХРБ, ткъа кхин а хийцамаш хилира МХР коммунистийн Ӏедалша шеш бина. Ӏедал хийцар ницкъ ца беш хилира (Румынехь доцург). 1985 шарахь Ӏедале М. С. Горбачёв варо толаме ялийра «керла ойла», «адаман йукъара мехаллаш», «ши система машаре яхар» доктринаш. 1987 шарахь кхайкхийра «Гуш хиларан» политика, 1989 шарахь хилира ССРС дуьххьарлера конкуренташ болу халкъан депутатийн харжамаш. ССКП факт хилла дӀатесира массийн хаамийн гӀирсийн цензура, оппозицин векалш гучубийла буьйлабелира журналашкахь, газеташкахь, советийн телевизионехь. Политикин либерализаци хуьлуш лаьттира кхуьучу экономикин къоьллица, советийн куьйгалхойн малхбузен кредитех кхуьучу Ӏаткъамашца.