Оцу шарахь хилларг

Thumb
ССРС Поштан марка, 1977 шо

Январь

Февраль

  • 3 февральЭфиопехь Аддис-Абебехь хиллачу тӀеман девнехь вийна пачхьалкхан корта инарла Банти Тефери. Ӏедал карадахна цуьнан гӀовс волчу подполковникан Менгисту Хайле Мариаман, иза 12 февралехь кхайкхийра Социалистийн Эфиопин Хенан тӀеман административан кхеташонан председатель (ХТӀАКХ).
  • 5 февральТанзанехь кхоьллина куьйгаллехь йолу Революцин парти.
  • 7 февральБайконур космодромера хьалахецна советийн пилоташ болу космосан кема Союз-24. Экипаж — Горбатко В. В., Глазков Ю. Н.. Охьабиссина 1977 шеран 25 февралехь.
  • 15 февральМинеральни Водашна уллера Ил-18 бохам.
  • 25 февральМоскохара «Росси» хьешацӀахь йаьлла цӀе.

Март

  • 2 мартЛиви Джамахири кхайкхийна.
  • 4 март — Румынехь мохкбегор.
  • 8 март — Конгон Къам мукъадаккхаран фронтан тӀемлой чубахара Анголан махкара Заиран Шаба провинце.
  • 14 март
    • Кастро Фидела вахана Эфиопи. Пачхьалкхан керлачу куьйгалхочуьнца Менгисту Хайле Мариамца къамел дича цуо гӀо дийхира ССРС Социалистийн Эфиопин режиман.
    • Лаосехь кхайкхийна, Луангпхабангехь паччахьан гӀалин урхалчин Спантирангсис паччахь вен бина барт. Лецарш хилла, бертан декъахь хиларехь бехке вина Лаосан хьалха хилла волу паччахь Шри Саванг Ваттхана, Лаосан президентан лакхара хьехамчийн формалан даржехь хилла волу. Иза дӀахьажийна ширачу режиман даржехь хиллачеран политикин кхеторан лагере.
  • 25 мартНатальин Яр тӀехула ши Ан-2 тӀеттӀакхетар.
  • 27 март — авиацин исторехь уггар боккха бохам. Тенерифехь (Испани) тӀеттӀакхетна 2 кема, велла 583 стаг.
  • 30 мартЖдановн тӀехулара Як-40 бохам.

Апрель

  • 2 апрельЛибревилера Ту-134 бохам.
  • 4 апрель — Джорджи штатера Нью-Хоупехь доьжна Southern Airways компанин McDonnell Douglas DC-9 кема, велла 72 стаг.
  • 5 апрель — «Нива» арахеца йолийна.
  • 9 апрельМобутун режиман тӀемца гӀодархьама Заире кхаьчна мароккан экспедицин корпус[1].
  • 19 апрельМоэра Ан-24 бохам — Эстонехь уггар боккха бохам (21 велларг).
  • 23 апрельЭфиопис дӀакъевлира АЦШ а, кхечу малхбузерчу пачхьалкхийн Асмарера консулаллаш.
  • 30 апрель

Май

  • 2 майКрыжовка цӀе йолчу новкъан постера бохам. Велла 19 - 22 стаг. Белоруссера уггар боккха цӀерпоштнекъан бохам (официалан).
  • 6 майЭфиопин керла тхьамда Менгисту Хайле Мариам ССРС веанчу хенахь Москохахь куьйгаш йаздина ССРС а, Социалистийн Эфиопин а доттагӀаллин йукъаметтигийн а, цхьаьна къахьегаран а бух тӀехь долчу Декларацин, ткъа иштта экономикехь а, техникехь а цхьаьна къахьегар протоколан, оьздангаллехь а, Ӏилманехь а цхьаьна къахьегаран бартан, консулийн конвенцин.
  • 7 майТавдан тӀехулара ши Ан-2 Ӏоттадалар.
  • 16 май1968 шо1968 шарахь дуьйна цӀахь лаьцна ларвеш волу пачхьалкхан хьалхара президент Кейта Модибо валаран бахьана ца хаарна Малира сийсарш.
  • 26 май — Заиран правительствон эскарш а, мароккин экспедицин корпусо а Заиран махкара арабехира FLNC тӀемлой[2].
  • 27 май
    • Анголехь пачхьалкхан харцам бан гӀортар. ЧӀогӀа ортодоксалан-коммунистийн политикин агӀонча Алвиш Нито коьртехь волу «фракционерийн» бунт, охьатаӀийна президента Нето Агостиньос Кубин эскаран гӀоьнца.
    • Гаванан уллера Ил-62 бохам.
  • 30 маймозамбикийн РЕНАМО гӀаттамхойн дуьххьара тӀемца тӀелатар правительствон ФРЕЛИМО эскарна, Мозамбике гражданийн тӀом болабелла.

Июнь

Июль

  • 8 июльСухумера Ан-24 бохам.
  • 15 июльАЦШ президенто Картер Джиммис кхайкхийна, АЦШ Сомалин тӀеман а, политикин а гӀо дан кийча хилар.
  • 20 июльВитиме Ил-14 бохам.
  • 23 июльСомалин эскар Эфиопи чудахна, тӀеман хьалхарчу кӀирнашкахь дикка кхиамаш баьхна.

Август

  • 1 августРумынехь йолаелла шахтёрийн забастовка.
  • 3 августЧаушеску Николае забастовка йечу шахтерашна хьалха ледара вистхилар. Забастовка чекхйалар.
  • 13 августССРС министрийн Советан пурбанца Эфиопи хьажийна советийн тӀеман хьехамчаш.
  • 17 август
    • Атомоход «Арктика» дуьххьара хин тӀехула лелачу кеманашлахь Дуьненан Къилбаседа полюсе кхаьчна.
    • Пушкино станцехь тӀай чудожар, 20 сов стаг велла.
  • 29 августСомалин Демократин Республикин президент инарла Сиад Барре Мухьаммад тӀаьххьара веана ССРС Эфиопица тӀамехь накъосталла дайтаран Ӏалашо йолуш. Цуьнан ССРС Министрийн Советан Председательца А. Н. Косыгинца, ССКП ЦК секретарьца М. А. Сусловца, ССРС арахьарчу гӀуллакхийн министраца А. А. Громыкоца хиллачу цхьаьнакхетарша аьтту ца бира. 31 августехь Сиад Барре ССРС йитира.

Сентябрь

  • 5 сентябрьКанаверал мара (США) космодром тӀиера хьалахецна ракета-хьалахьуриг «Titan IIIE», цуо орбите йаьккхина АПЮС «Вояджер-1».
  • 20 сентябрьСоциалистийн Республика Вьетнам дӀаэцна ВКЪКХ.
  • 21 сентябрьмажарийн Ту-134 Бухарест уллера бохам.
  • 26 сентябрьЧернобылан АЭС болхбан йолаялар.
  • 27 сентябрьКуала-Лумпур уллехь DC-8 бохам, велла 34 стаг.
  • 28 сентябрьКампучин куьйгалхо Пол Пот ЦХР а, КХДР а вахар. Вахар дахделира цхьана батте гергга.

Октябрь

  • 6 октябрьистребитель-кема МиГ-29 дуьххара тӀемадалар.
  • 7 октябрь — тӀеэцна ССРС Конституци.
  • 8 октябрь — долаелла дуьххьарлера Мини-трансатАтлантикин Ӏапказ чухула гатан кеманаш хахкар. «Мини» класс йукъайаьлла.
  • 9 октябрь — космосан кема Союз-25 хьалахецар. Экипаж — Коваленок В. В., Рюмин В. В.. Охьабиссина 1977 шеран 11 октябрехь.
  • 11 октябрьСанехь вийна Къилбаседа Йеменан президент аль-Хьамди ИбрахӀим. Цуьнан меттиг дӀалаьцна эскаран инарла штабан хьаькимо аль-ХӀашими Ӏалис.
  • 13 октябрьДон-тӀиера-Ростовн тӀехула Як-40 хилам.
  • 1318 октябрь«Ландсхут» кема дададар.
  • 20 октябрь
    • Таиландера тӀеман карчам. Краивичьен Танинан гражданийн правительство шаршийна коьртехь адмирал Чаролью Сангад волчу къоман тӀеман кхеташонан бартаца.
    • Авиабохамехь велла музыкин Lynyrd Skynyrd тобан 4 декъашхо.

Ноябрь

  • 4 ноябрьСоьлжа-ГӀалахь схьайиллина керла театран-концертан зал.
  • 5 ноябрьДжорхат уллера Ту-124 бохам, велла кеман тӀехь хиллачу 10 стагах 5 стаг. Дийна бисинчарна йукъахь — ХӀиндин премьер-министр Морарджи Десаи.
  • 7 ноябрьТашкентехь схьайиллина метрополитен .
  • 9 ноябрьТаиландехь тӀеман карчам бинчул тӀаьхьа йукъайаьккхина хенан Конституци.
  • 11 ноябрьТаиландан премьер-министр хӀоттийна тӀеман ницкъийн коьрта баьчча инарла Чаманан Криангсак.
  • 12 ноябрь — дешаран «Перекоп» хӀордан кеман тӀехь айина ТӀеман-хӀордан байракх, ткъа ша кема йукъатоьхна Балтийн флотан Ленинградан ТӀХӀБ дешарийн кеманаш цхьаьнатохараллин йукъа.
  • 13 ноябрь — Сомалин правительство кхайкхийна советийн-сомалийн доттагӀаллех а, цхьаьна къахьегарехь а болу барт бохор, берриг советийн гражданашка кӀиран хенанчохь арадовла аьлла.
  • 19 ноябрьФуншалера Boeing 727 бохам.

Декабрь

  • 2 декабрьАль-Байда уллера Ту-154 бохам.
  • 4 декабрь — Малайзехь доьжна дадийна Boeing 737-2H6, велла 100 стаг.
  • 9 декабрьТарко-Салера Ан-24 бохам.
  • 10 декабрь — космосан кема Союз-26 хьалахецна, охьадоьссина 1978 шеран 16 январехь. Экипаж — Романенко Ю. В., Гречко Г. М..
  • 31 декабрь — зорба тоьхна Демократийн Кампучин правительство цхьаьна хенан совцийна Вьетнамца йолу дипломатин йукъаметтигаш.

Ӏилма

Абрахам Лемпела а, Яков Зива а дӀайиллина LZ77 терахьаш тӀеттӀатаӀаран алгоритм.

Спорт

Музыка

Кино

Театр

Литература

ССРС суртдилларан говзалла

Компьютерийн ловзарш

Авиаци

Йукъараллин транспорт

Метрополитен

ЦӀерпоштнекъан транспорт

Шеран адамаш

Time журналан версица шеран стаг ву — Анвар Садат, Мисран президент.

Оцу шарахь бинарш

Оцу шарахь белларш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.