Петра Ι-чо рузман хийцам бар бахьнехь, 4 баттахь лаьттина цхьаъ бен доцу Россера шо.
- 26 январь — Австрин, Польшин, Венецин Туркойчоьнца Карловицен машар. Австрин кхаьчна Малхбален Мажаройчоь, Трансильвани, КарпаташтӀехье, Хорватин дакъа, йерриг аьлча санна Славони[1]. Польшин кхаьчна Подоли а, Брацлавца цхьаьна аьтту бердан дакъа а. Венецин кхаьчна Далмацин дакъа а, Морея а. Российс куьг йаздира шина шеран барт кӀела.
- Швецин дуьхьала барт бар Данин а, Оьрсийн паччахьаллин а, Саксонин а йукъахь. Ноябрь — Российн а, Саксонин а, тӀом чекхбаьлчи Августан Лифлянди а, Эстлянди а йитаран Барт.
- 1699—1730 — Данин а, Норвегин а паччахь Фредерик IV-гӀа.
- 30 декабрь — Россехь 1 сентябрера 1 январе шеран йуьхьиг дехьайаккхарехь долу Пётр I-чун омар. Иштта, Россера керлачу шерийн Ӏиданашна йукъара йукъаметтиг берриг а 4 бутт бен ца хилла. Цуьнца цхьаьна Росси дехьаяьлла «дуьне кхолларан» шеран тӀиера (7208 шо) Ӏийса пайхамар винчу шеран тӀе (1700 шо).
- Имеретин паччахь Картли Арчил II (1647—1713) аьттонза тӀом бина гӀажарашца а, туркошца а, фодалашна йукъара тӀемаш а бахьнехь кхелхина Росси.
- Флоренцехь Якопо Аккольти валарца дайна гӀарадаьлла Аккольтин тайп.
- Москохахь кхоьллина Бурмистеран палата.
Хьажа иштта: Категори:Бинарш 1699 шарахь
Хьажа иштта: Категори:Белларш 1699 шарахь
Категори «1699 шо» ца карийна.