![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/1/17/Prophet_Isa_name.png/640px-Prophet_Isa_name.png&w=640&q=50)
Ӏийса
исламан пайхамар а, элча а / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏийса (Ӏаьр. عِيسَى; Ӏеб. יֵשׁוּ ЕшуӀа) — иза Делан пайхамар а, элча а ву, исраилхошка (жуьгташка) керла Инжил жайна а дохьуш ваийтина. Улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ лоруш ву иза. Сийлахьчу Къуръан чохь 25-зза хьехийна ву иза. Иза дуьнен чу валар муӏжизат лоруш ду, хӏунда аьлча цуьнан нана Марьям берах хилла ша йоӏстаг йоллушехь, Делан омраца.
Ӏийса | |
---|---|
Ӏаьр. عيسى | |
![]() | |
Ибн Марьям, аль-Масийхь, Калиматуллахӏ, Рухьуллахӏ, Расулуллахӏ, Набиййуллахӏ, аль-Важихӏ, аль-Мубарак, Ӏабдуллахӏ | |
Говзалла | хьехамча, пайхамар, дечиг-пхьар, раббани, тамашийна гӀуллакхаш дийриг, динан баьчча, дарбанча, масийхь, хьехамча, хьехархо, динан бухбиллархо, тӀулгботтархо, пастор |
Вина терахь | в. э. хьалха 12—4 шш. |
Вина меттиг | Байт Лахьм, Исраилан пачхьалкх |
Кхелхина терахь | - |
Къам, некъе | исраилхой, жуьгтий |
Нана | Марьям бинт Ӏимран |
Силсила | Ӏийса ибн Марьям ибн Ӏимран ибн Масан ибн Аль-Ӏазар ибн Абу Юз ибн Юзан ибн Зурбабил ибн Салиян ибн Юхьанна ибн Ушия ибн Амун ибн Муншакан ибн Хьазикъа ибн Ахаз ибн Юсам ибн Ӏузая ибн Юрам ибн СакъитӀ ибн Айша ибн РажиӀим ибн Сулайман ибн Давуд[1] |
Дешархой | Апостол Пётр, Андрей Первозванный, Иаков Зеведеев, Иоанн Богослов, Филипп, Апостол Варфоломей, Фома, Левий Матфей, Иаков Алфеев, Апостол Фаддей, Симон Кананит, Иуда Искариот[2], Мария Магдалина[3], Апостол Матфий |
ГӀарадевлла белхаш | Чудеса Иисуса Христа[4], молитвы Иисуса[4], Притчи Иисуса Христа[5] |
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла |
Ӏаткъамбинарш | Яхья[d] |
Тамашийна гӀуллакхаш | да воцуш дуьнен чу валар, аганахь волуш къамел дар, белларш денбар, проказа лазар дерг товар, бӏаьрса йухадалор |
Доссийна жайна | Инжил |
Шен элчаналла чӏагӏдан Ӏийсана ницкъкхочуш хилла цхьадолу муӏжизаташ гайта, масала: белларш денбан а, бӏаьрзенаг а, проказа олу лазар дерг тован а. Къуръан чохь ма-бохху ӏийса жӏарах хьалтоьхна а вац, йа вийна а вац цхьаьна кепара, амма Дала Шена герга хьалавигна ву иза. Иштта ӏийса бусалба а ву, ислам динехь болу массо а пайхамараш санна, вуьшта аьлча, Делан омрана муьтӏахь хилла ву иза, шена тӏаьхьахӏиттинчерга омра а дина цо нийса некъ харжарца. Ислам дино йухатуху Троица олу ойла, ӏийса кхечу амате вирзина дела ву йа Делан кӏант ву йа жӏарах тоьхна йа денвелла бохуш йолу. Къуръан чохь хьахийна ду ӏийсас и хӏуманаш чӏагӏдина ца хилар а, йа бакъдина ца хилар а, иштта цо гойту къемат-дийнахь ӏийсас шена дела ву аьлла кхайкхор йухатухур ду аьлла. Иштта Къуръан чохь хьахийна ду ӏийса лийрдолу адам хилар а, массо пайхамарш а, элчанаш а санна, Дала Шен элчаналла даржо иза хаьржина хилар а. Делан аяташа хьарам до кхечуьнца Делана декъахован а, Дела цхьаъвар иза декъалхиларна цхьаъ бен боцу некъ хилар а.