From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏаьнаре дерзар — хӀума коча хьолера Ӏаьнкепа я газкепа фазан дехьадаларан процесс, хуьлу хӀуман тӀехула. Ӏаьнаре дерзаран процесс конденсацин (Ӏаьнкепара хьолера коча хьоле дерзар) дуьхьалара процесс ю. Ӏаьнаре доьрзуш кочаллин я чӀогӀачу чалхан тӀиера схьадуьйлу дакъолгаш (молекулаш, атомаш), цуьнца цхьаьна кинетикан энерги болхбан кхин кочаллин молекулийн дуьхьало яйа тоьуш хила еза.
ЧӀогӀа чалх Ӏаьнаре ерзарах сублимаци олу, ткъа чухоамера кочалла Ӏанаре ерзарх кхехкар олу. Ӏаьнаре дерзар — эндотермин процесс ю, цуьнца фазан дехьадаларан йовхо худало — коча фазехь молекулин тасадаларан ницкъал тола йойу Ӏаьнаре дерзаран йовхона а, кочалла Ӏаьнаре доьрзуш шордаларан белхана а.
Ӏаьнаре дерзаран процесс йозу молекулийн йовхонан боламан жигараллех: молекулаш сиха мел лела, Ӏаьнаре дерзар сиха хуьлу. Цул сов, Ӏаьнаре дерзарна Ӏаткъам бо арахьарчу диффузин сихалло, ткъа иштта хӀуман шен амало а: масала, спирт Ӏаьнаре доьрзу дуккха а сиха хинал. Ладаме фактор ю кочаллин тӀехулон тӀиера Ӏаьнаре дерзаран майдан барам: готтачу зӀоканчуьра иза меллаша доьрзур ду шуьйрачу бошхӀапчуьрачул.
ХӀокху процессе хьовсу молекуляран тӀегӀанера: луларчу молекулийн тӀеозор юхатоха тоьуш йолу энерги (сихалла) йолу молекулаш, аралелха кочаллин дозанера. Цуьнца цхьаьна йисанчу молекулийн юккъера энергин лагӀло (кочалла шеллало). масала, чӀогӀа йовха кочалла: вай тӀе мох туху, шелъярхьама, цуьнца Ӏаьнаре дерзаран процесс сихайо.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.