ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
From Wikipedia, the free encyclopedia
ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд (Ӏаьр. عبد الله بن عبد العزيز آل سعود / 1924 шеран 1 август) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан йолхалгӀа паччахь ву, «Шина маьждиган гӀуллакххо» а хилла 2005—2015 шерашкахь.
Доца факташ ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан йолхалгӀа паччахь Шина маьждиган гӀуллакххо ...
ДӀачӀагӀа
Доца факташ ХотӀан адрес Паччахь ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд, АгӀонан цӀе ...
ХотӀан адрес Паччахь ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |
---|---|
АгӀонан цӀе |
Шина маьждиган гӀуллакххо خَادِمُ الْحَرَمَيْنِ الشَّرِيفَيْنِ |
Официальни кехаташ | Ши маьждиг лардеш волу паччахь |
Альтернативни хатӀ | Шина маьждиган гӀуллакххо-эла |
ДӀачӀагӀа
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу Ӏабдул-Ӏазиз паччахьан а, цуьнан бархӀалгӀа зудчун ФахӀдатан а кӀант ву. 1982—2005-чу шерашкахь — верасан принц а, премьер-министран дуьххьарлера когаметтаниг а вара. 1996-чу шеран 21 февралехь — ФахӀд паччахьан уллохь пачхьалкхан баккъалла волу гӀуллакххо вара.
Леш волчу хенахь уггар къена лелаш волу монарх вара иза.
2015-чу шеран 23-чу январехь кхаа дийнан госпитализацил тӀаьхьа кхелхина иза, пневмонин бахьана долуш[5]. ЦӀе йоцу каш чохь дӀавоьллина иза, «Аль-Ӏавд» олучу кешнашкахь[6].