Яхья ибн Шараф ан-Нававий
бусалба ӏеламстаг, мухьаддис, шафиӀийн факъихӀ / From Wikipedia, the free encyclopedia
Яхья ибн Шараф ан-Нававий (Ӏаьр. يحيى بن شرف النووي; 1233 шеран октябрь[1], Нава, Мамлюкийн султӀанат — 1278 шеран 22 декабрь[2][3], Нава, Шема, Мамлюкийн султӀанат) — иза бусалба Ӏеламстаг а, мухьаддис а, факъихӀ а, меттан Ӏилманча а ву. ГӀарабевллачу шафиӀийн мазхӀабера факъихӀех цхьаъ ву иза. Иза гӏараваьлла фикъхӀехь а, хьадисехь а, лугӀатехь а, биографийн Ӏилмангахь а жайнаш а, сочиненеш а йазйарца, царах ду масала: Риядус-салихьин а, МинхӀажут-тӀалибин а, Ровзат а. Иза шафиӀийн мазхӀабан редактор (мухьаррир) а, тодеш верг (мухӀаззиб, мунаккъихь) а, къепе далош верг (мураттиб) а ву олий къаставо, хӀунда аьлча шафиӀийн факъихӀашна йукъахь Ӏамалйар сецна ду ан-Нававийс толийначунна тӀехь. Ан-Нававийна цӀе йоккху «шафиӀийн шайх» олий, нагахь шафиӀашна гергахь «шайхайн» дош леладахь, цуьнца лууш верг ан-Нававий а, Абул-Къасим ар-РафиӀи аль-Къазвини а ву.
Яхья ибн Шараф ан-Нававий | |
---|---|
Ӏаьр. يحيى بن شرف النووي | |
| |
Шайхуш-шафиӀийят, къутӀубул-авлияъ, шейхул-ислам вал-муслимин, Ӏумдатул-фукъахӀаъ вал-мухьаддисин, сафватул-авлияъ вас-салихьин | |
Говзалла | мухьаддис, факъихӀ, Ӏеламстаг |
Вина терахь | 1233 шеран октябрь[1] |
Вина меттиг | Нава, Хьавран, Шема мохк |
Кхелхина терахь | 1278 шеран 22 декабрь({{padleft:1278|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[2][3] (45 шо) |
Кхелхина меттиг | Нава, Хьавран, Шема мохк |
Динлелор | ислам, суннаталла |
МазхӀаб | шафиӀийн мазхӀаб |
Динан Ӏилманан гӀуллакх | |
Дешархой | Бадруддин ибн Джамаа, Умар ибн Бандар ат-Тифлиси |
ГӀарадевлла белхаш | аль-Минхадж фи шарх Сахих Муслим, Арбаин ан-Навави, Рияд ас-Салихин, Бустан аль-‘Арифин, Аль-Азкар ан-Навави, Минхадж ат-Талибин |
Ан-Нававий вина 1233-чу шарахь (хӀижрин 631-чу шарахь) Навахь (Шема мохк). Цуьнан 10 шо кхаьчначу хенахь, дас туькан чу болхбан хӀоттийнера иза. И болхбаро мукъаза ца вира иза Къуръан Ӏамадан а, и чекхдаккха а, ша гӀеметтахӀоьттина а волуш. Шен махкахь Навахь висира иза, шен 18 шо кхаччалц, цул тӀаьхьа Димашкъе дӀакхелхира иза. Димашкъе веара иза 1251-чу шарахь. Шеман муфтий Ӏабдуррахьман ибн ИбрахӀим аль-Фазари волчохь сецира иза, цуьнгара Ӏилма схьа а оьцуш. Димашкъехь Ӏийра иза 28 шарахь гергга. И шераш дӀадаьхьира цо Ар-равахьийят олучу хьуьжаран цхьана жимачу чоь чохь, Ӏилма а Ӏамош, и дӀа а хьоьхуш, жайнаш а йаздеш. Иза куьйгалле хӀоьттира Дарул-хьадис ал-ашрафийят олучу хьуьжаран, 1278-чу шарахь ша дӀакхалххалц цигахь болхбира цо.