![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/db/Jamaica_Topography.png/640px-Jamaica_Topography.png&w=640&q=50)
Ямайкин географи
From Wikipedia, the free encyclopedia
Яма́йка — Вест-Индера Карибийн хӀорд чура гӀайренан пачхьалкх. Мехко дӀалоцу Ямайка гӀайре, ткъа иза Даккхий Антилийн гӀайренийн тобана йукъара ду. Ямайкан къилбаседехьа лаьтта Куба (150 км), малхбалехьа Ямайка хидоькъе чухула — Гаити (160 км). Континентан уггаре гергара меттиг — Грасиас-а-Дьос мара (Никарагуа) — 630 км къилба-малхбузехьа бу.
Доца факташ Ямайкин географи, Дуьненан дакъа ...
Ямайкин географи | |
---|---|
![]() | |
Дуьненан дакъа | Америка |
Регион | Вест-Инди |
Координаташ | 18°15′ къ. ш. 77°30′ м. д.HGЯO |
Майда |
|
Бердан аса | 1022 км |
Лекха меттиг | Блу-Маунтин-Бохь, 2256 м |
Лоха меттиг | Карибийн хӀорд, 0 м |
ДӀачӀагӀа
Ямайка — майданца кхоалгӀа гӀайре ю Даккхий Антилийн гӀайренашна юкъахь (хьалхара шиъ — Куба а, Гаити а). ГӀайренан барам бу 225 км гергга малхбузера малхбалехьа, 35 - 82 км къилбаседера къилбехьа. Ерриг майда — 10 991 км², бердан асан йохалла — 1022 км.[1]