Этна
From Wikipedia, the free encyclopedia
Этна — сема стратотӀаплам, лаьтта Сицилин малхбален бердан йистехь, Мессина а, Катани а гӀаланашна гена боццуш. Иза Европехь уггаре лекха сема тӀаплам бу. Ӏаламан историн къоман музейн (АЦШ) хаамашца, 2018 шарахь Этнан локхалла хилира 3295 метр хӀордан тӀегӀал лакхахь[1]. Иза сих-сиха хийцало Ӏаьтта моссаза бо. Иштта, 2010 шарахь тӀаплам 21 метр лоха бара, 1981 шарахьчулла а. Этнас дӀалоцу 1190 квадратан километр майда. Иштта, Этна — Италехь уггаре жигара тӀаплам бу, шен уггаре гергара тӀапломал — Везувийл — 2,5-за сов[3].
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Этна (маьӀнаш).
Доца факташ Этна, Амалш ...
Этна | |
---|---|
итал. Etna | |
Амалш | |
ТӀапламан форма | стратотӀаплам |
Кхолла белла хан | 500000 шо |
ТӀаьххьара хьалатохар | 2018 шеран 24 декабрехь |
Бохьан локхалла | |
Абсолютан локхалла | 3295[1] м |
Дустараллин локхалла | 3357 метр[2] |
Лаьтта меттиг | |
37°45′18″ къ. ш. 14°59′43″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа