Эльчибей Абульфаз Къадиркъули охӀли
From Wikipedia, the free encyclopedia
Эльчибе́й Абульфа́з Къадиркъули́ охӀли́ (азерб. Əbülfəz Qədirqulu oğlu Elçibəy, бакъ фамили Али́ев; 1938 шеран 24 июнь, Азербайджанийн ССР, Нахичеванан АССР, Ордубадан кӀошт, Келеки эвла — 2000 шеран 22 августехь, Туркойчоь, Анкара) — азербайджанан пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо; Ӏарбойчоьнан историк, гочдархо, хьехархо. Азербайджанан Президент (1992—1993).
Эльчибей Абульфаз | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
азерб. Əbülfəz Elçibəy | |||||||
![]() Эльчибей Абульфаз президент волуш. | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Муталибов Аяз | ||||||
Когаметтаниг | Алиев Хьайдар | ||||||
Дин | ислам | ||||||
Вина терахь | 1938 шеран 24 июнь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) | ||||||
Вина меттиг | ССРС, Азербайджанийн ССР, Нахичеванан АССР, Ордубадан кӀошт, Келеки эвла, | ||||||
Кхелхина терахь | 2000 шеран 22 август({{padleft:2000|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (62 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Анкара, Туркойчоь | ||||||
ДӀавоьллина | Сийлахь дӀабохкаран аллей, Бакох | ||||||
Вича тиллина цӀе | азерб. Əbülfəz Qədirqulu oğlu Əliyev | ||||||
Да | Алиев Къадиркъулу Мардан охӀли | ||||||
Нана | Алиева Мехранса ДжаӀфар кхызы | ||||||
Зуда | Алиева Хьалима | ||||||
Бераш |
кӀант: Эртургут йоӀ: Чиланай |
||||||
Парти | Азербайджанан халкъан фронт | ||||||
Дешар | Азербайджанан пачхьалкхан С. М. Кировн цӀарах университет | ||||||
Динлелор | Ислам | ||||||
Автограф |
![]() |
||||||
Болхбаран меттиг | |||||||
![]() |
1980-гӀа шераш чекхдовлучу хенахь дуьйна «Азербайджанан халкъан фронтан» лидервара. Хилира хьалхара дерриг халкъо а, демократица хаьржина мехкан президент[1]. Цуьнан урхаллин мур дӀабахара экономикин а, политикин а къоьллица республикехь. Хала тӀаьхье йитира Карабахан тӀамо а, махкахь политикехь барт ца хиларо а, цара дийзийтира гражданийн тӀом ца хилийтархьама президентан дарж дита.
1993 шеран 28 августехь Эльчибей Абульфазах тешаран референдумехь из адӀаваккхарна кхаж тесира 97,5 % мехкан гражданаш[2]. Азербайджанан халкъан фронто референдуман жамӀаш харц йина элира, ткъа АЦШ пачхьалкхан департаменто лерина дӀахьедарца сингаттам хилар хаийтира чолхе хьолехь долуш референдум ярна[3]. Цул тӀаьхьа болу президентан харжамаш КхЦГӀКхЕ мах хадийра «КхЦГӀКхЕ гуран чуйогӀуш йац цхьацца хьолашца» аьлла.
Пантюркизман агӀонча вара; 1970-гӀа шерашкахь дуьйна вевзара Азербайджанехь диссидент а, антикоммунист[4] а санна. Историн Ӏилманийн кандидат.