![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/9a/Moscow_Durasov_Palace_asv2018-08.jpg/640px-Moscow_Durasov_Palace_asv2018-08.jpg&w=640&q=50)
Экономикин лакхара ишкол
From Wikipedia, the free encyclopedia
Къоман талламан университетан «Экономикин лакхара ишкол» (ӀТУ ЭЛИ; Вы́шка) — автономин кхоллам, федералан пачхьалкхан лакхара дешаран меттиг. ЭЛИ йиллина 1992 шарахь, хӀинцалера статус лелайо 2009 шарахь дуьйна. Коьрта кампус лаьтта Москохахь, кхин кхоъ — Петарбухехь, Нижни Новгородехь, Пермехь[4].
Къоман талламан университет «Экономикин лакхара ишкол» (ӀТУ ЭЛИ) | |
---|---|
![]() | |
Дацдар | ӀТУ ЭЛИ |
Халкъашна йуккъера цӀе | Higher School of Economics — National Research University |
Девиз |
лат. Non scholae sed vitae discimus оьрс. Ишколан ца доьшу, дахарна доьшу оха |
Кхоьллина шо | 1992 шо |
Тайпа | пачхьалкхан |
Ректор | Кузьминов Ярослав |
Президент | Шохин Александр |
Ӏилманан куьйгалхо | Ясин Евгений |
Студенташ | 40 300 (2018 шарахь)[1] |
Арахьара студенташ | 2760 (аспиранташца)[2] |
Аспирантура | 700[3] |
Хьехархой | 5600 (2018 шарахь)[1] |
Лаьтта меттиг |
![]() ![]() |
Юридически адрес | Мясницки урам, 20 |
Сайт | http://www.hse.ru/ |
![]() |
ЭЛИ Россехь дуьххьара дехьаелира бакалавриатан а, магистратурин системе, лдм эксперташ ЮПЭ кечйарна а, йукъайаккхарна а жоьпаллехь бара. 2013 шарахь лдм дакъалоцу 5—100 проектехь. ЭЛИ векалш Российн Правительствера Экспертан кхеташонан, Йукъараллин палатин, тайп-тайпана кхеташонашна а, комиссешна йукъабоьлху. Лдм белхалоша дакъалецира мохк кхиоран стратеги кхуллуш, дешаран а, могашаллаӀалашъяран модернизаци еш, пачхьалкхан гӀуллакхан хийцам беш, «Электронан Росси» программин а, кхин дуккха а проекташ тӀехь болх бира[5].
2018 шарахь ЭЛИ Российн лдмех уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а москохан лдмех кхаанна йукъахь йу[6]. Лдм студентийн а, аспирантийн а йукъара барам — 40 эзар сов стаг, 6 эзар гергга стаг хьехархой а, Ӏилманан белхалой а. 2018 шеран йукъара бюджете дӀахӀоттаран ЮПЭ балл хилира 94,6[7], лдм хьалха йу олимпиадин жамӀашца бюджетан меттиге дӀаэцна студентийн барамца — эзар сов стаг[8][3][9].