Шуоной[1] — нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайпа. Тайпанан мохк бу Нажи-Йуьртан кӀоштан Шоьна[2].Тайпа юкъадогӀу Q1 гаплотобан. Декъало некъашка: Т1ийр-Берт’ай (“J2”: JM-172), ИсмаӀал-некъе (Q1a),[3].

Доца факташ Шоной, Кхин цӀерш ...
Къена тайпа
Шоной
Кхин цӀерш Шоьной
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
 Урдан: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк
ДӀачӀагӀа

Географи

Шоьна лаьтта Нажи-Йуьртан кӀоштахь, Коьжалг-дукъ тӀехь. Доза ду: Ӏаларца а, Сесанца а — малхбалехь, ГӀоьрдалца — къилбехахь, Эна-Кхаьллаца а, Ялхой-Мохкца а малхбузехь.

Шоьнахь Шоной боцурш кхин а беха: БелгӀатой, Зилой, ЖӀай[4].

Шоной беха меттигаш

Бехаш бу Гумс а, Мичик а хишна йисттерачу эвланашкахь.

Шьоной беха меттигаш: Акхболт-Йурт (Хаси-Эвлан кӀошт), Бена-Йурт, Гелдаган[5], Гуьмсе, ГӀойтӀа, Гезлой-эвла, Керл-Шоьна, Дубовски[6], Джалка, Дойкар-йурт, Курдюковски, Къедин-Йурт[7], Комсомольск, Калиновски, Ӏелин-Йурт, Соьлжа, Лаха Невре[8], Мескер-йурт, Майртуп, Мескита, Новр-ГӀала, Ойтара, Ойсхара, Орз-ГӀала, Нойбоьра[9], Ишхой-йурт, Илисхан-йурт, Хьаьнгиш-Йурт, ЧӀулга-Йурт, Шела[10], Шелковски, Новошедрински, Чечана, Энгель-Йурт, Цоци-йурт, Ӏазамат-Йурт[11], кхин а беха Урданехь[12].

Топонимаш

Шоьна цӀе йолуш эвланаш йу Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Кхарачайхь а, Гуьржийчохь а[4]:

  • Шоана — ГӀалгӀайчуьра Армхин аьтту бердаца йолу эвла. Шоанара акъари тӀе кхелхина ШанхоевгӀеран фамилеш.
  • ТӀерча Шоьна — Шоьнан къилбаседехьара меттиг — «Шоьнан турс» йа «Лакхара Шоьна». Оцу меттиган кхин цӀе йу — Наьрташ даьхнача. Цигахь карадо шира мелхан кешнаш, гӀирсан оьздангаллин хӀуманаш, эчиган тарраш, борзанан а, цӀестан а хӀуманаш, тӀулган кохьарш, мокхаз уьрсаш[13].
  • ТӀера Шоьна — Шоьнан малхбален йист[13].
  • Шуона эвла — Ишхой-Йуртан къилбаседа йистехь 1845 шо кхачале лаьттина эвла[14].
  • Шоной эвла — 1845 шарахь Яьссин аьрру агӀора керла йиллина эвла.
  • Шона Ӏола — ЧӀуорчу Бассахьан къилба-малхбузера меттиг.

Этимологи

Вайнехан меттанийн материалашца этноним йогӀу Гуьржийчуьра Шоной (Сваны) къомаца (гӀалгӀай — «шоьй», бацой — «шуоно//суоно, свано»), оцу дашехь «шу//шоь» гу, айайелла меттиг йу (дуста «шуьто» — Нохчийчоьнан ломан кӀоштан вахархо, «шу тӀе» — лам тӀе, гу тӀе).

Кхин а варианташ йалайо талламхоша, масала, «шоьнарг» нохчийн маттахь олу стечу шоьх, этнониман кхин вариант, «шун» — пхьегӀа, текхь; «шуоной» — пхьегӀаш йийриш.

ГӀарабевлла тайпанан нах

  • Шамилев Моца — Кавказера тӀаьххьара (1932 шо) имам[15], Беркхана некъехь хилла.
  • Уллубий-Молла — Кавказа тӀеман Ӏовхойн махкара Шемалан наиб. ДӀавоьллина Шемара Кунейтрахь.
  • Уьда-Молла — Кавказа тӀеман декъашхо. ДӀавоьллина Нажи-кӀоштара Шоьнахь
  • Усман Майртупара — Кавказа тӀеман Майртупа кӀошта наиб.
  • Оьздамир Цоци-Ойлара — Кавказа тӀеман Цоциойла кӀошта наиб.
  • Мусткъи Мохьмад — Кавказа тӀеман Ичкерий кӀошта наиб. ДӀавоьллина Нажи-кӀоштара Шоьнахь.
  • Осман Мутуев — Мути Ӏуспа, Терка-йистера гӀараваьлла обарг. ДӀавоьллина Азамат-ойлахь.
  • Муса Къазим — (18..-1912) Шейх Накъшбанди тӀарикъат некъе, авлияъ ларалуш хилла ву. Ваьхна Шемара Кунейтрахь.
  • Таймасхи Егитхан — (179..-18..) Кунта-Хьаьжи мурид, авлияъ ларалуш хилла ву. Ваьхна Азамат-ойлахь.
  • Кусаев, Ӏадиз Джабраилович — нохчийн поэт, йаздархо, журналист. ССРС журналистийн бертан декъашхо (1970), Российн журналистийн Союзан декъашхо (1995), ССРС яздархойн бертан декъашхо (1990), Российн яздархойн бертан декъашхо (1990), Нохч-ГӀалгӀайн АССР оьздангаллин хьакъдолу белхало (1990). 2003 шарахь РФ оьздангаллин министралло совгӀат дина «Оьздангаллера кхиамашна» цӀе йолу къастаман хьаьркаца.

Силсил

1.Шуоно

2.Шема — Мукlа

3.Туга — Тlакха

4. Танкха — Чина

5. Орза — Дучlа

6. Даа — Ада

7. Гlача — Чара

8. Дана

9. Кума

Лекхара дай цlераш гуттура шира лоруш ю.


Беркхана некъийн силсил: Жанхот — Хоша (1830 шарахь гергга чӀиран вийна ДегӀастанахь лечкъина Ӏаш) — кӀентий БецӀи, Олхазур, Шемал — Шемалан кӀентий МоьцӀа (МацаевгӀар, Нойбоьрахь беха), Моцу, Джамал, Якъуб, Хасал — Моцун кӀентий ИбрахӀим, ИсмаӀил, Абубакар.

Билгалдахарш

Литература

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.