Ширча-Эвла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ширча-Эвла[2], кхин йоккху цӀерш Ширча-Ӏовх[3][4][~ 1] (оьрсийн шира хьосташкахь хьехош йу «Старый Окох» цӀарца, (1944 ш. дуьйна эвлан цӀе йу Калининаул) — ДегӀастанан Казбековн кӀоштара нохчийн эвла. Халкъан депутатийн III Гуламан сацамца, Ширча-Эвла а, Пхьарчхошка а меттахӀоттош йолучу Ӏовхойн кӀоштан йукъа йаха йезаш йу[5].
Доца факташ Ширча-Эвла, Пачхьалкх ...
Эвла | |
Ширча-Эвла | |
---|---|
43°04′25″ къ. ш. 46°33′51″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | ДегӀаста |
КIошт | Казбековн |
Истори а, географи а | |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗5231[1] стаг (2017) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий, суьйлий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87279 |
Поштан индекс | 368157 |
Автомобилан код | 05 |
Код ОКАТО | 82222000008 |
Код ОКТМО | 82622440101 |
Номер в ГКГН | 0146223 |
Картин тӀехь | |
ДӀачӀагӀа
ДегӀастанан историкаш дийцарехь Ширча-Эвлан истори ширачу тептаршкахь йолалуш йу 5 бӀешарахь дуьйна[6]. Ширча-Эвла хилла нохчийн пачхьалкхан коьрта гӀала XVI—XVII бб. оьрсийн документашкахь иза йевзаш йу Ӏовхойн латта «Окоцкая земля» цӀарца[7]. Тахана лерачу дийнахь эвлахь дехаш ду нохчийн-Ӏовхойн тайпанаш: Бийтарой, Ваьппий, Ноккхой, ЧӀаьнтий, Чонтой, Шинрой, Ӏаккой.