![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/ed/Infobox_collage_for_Cold_War.png/640px-Infobox_collage_for_Cold_War.png&w=640&q=50)
Шийла тӀом
From Wikipedia, the free encyclopedia
Шийла тӀом — ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Советийн Социалистийн Республикийн Бертан а, Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а, церан бартхойн а юкъахь геополитикан а, тӀеман а, экономикин а, идеологин а юкъаметтигаш гӀоьртина хилла мур бу.
Цхьаболчу историкаш дийцарехь, Шийла тӀом болабелла 1947-чу шарахь Трумэнан доктрина кхайкхинчул тӀаьхьа, ткъа бирзина 1991-чу шарахь Советийн Барт бохарца. Оцу муьрехь «шийла тӀом» олу, хӀунда аьлча Советийн Бертан а, Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а юкъахь баккхий тӀемаш бацара, амма цу шиммо гӀолоцура баккхий регионан девнашкахь. Ингалсан маттахь царех proxy war олу.