From Wikipedia, the free encyclopedia
Шама́н — шамани динехь, шовкъехь синошца къамел деш, дарба а лелош волу стаг.
Термин яьржина дуьненан дукха меттанашкахь. Цхьана агӀоно шаман дош даьлла боху санскрит маттара дешах шраман (श्रमण śramaṇa) — Ширачу ХӀиндин заманахь кхерста халбатхо, синан мурд-халбатхо. Буддизмаца цхьана и термин яьржина Азехула, эвенкийн маттаца чукхаьчна оьрсийн а, кхин малхбузан меттанашка[1][2]. ШолгӀа агӀоно дешан деккъа тунгусийн-маньчжурийн орамаш бу боха, орам схьабалар «са» — хаа, билгалдаккха деза эвенкийн маттахь «садэми» — хаар, «савун» — Ӏилма, «саман» — Ӏилма деза стаг хилар («-ман» — безам гойту суффикс, масала «асиман» — зударий безарг)[3]. Шаман олуш хилла синош хаьржина йукъалелаш, кхечу дуьненара хӀума ган корматалла йолуш, цигахула некъ бан йиш йолуш волчу стагах. ХӀора къоман шайн цӀераш ю шаманийн, иза къаьсташ хила тарло цхьана къоман а шаманан дарже хьаьжжина:
Тюркийн «кам» дашах схьадаьлла шаманийн Ӏадатийн белхаш билгалбохуш долу «камлани» боху дош. Цуьнан маьӀна дуьненаш тӀехула некъбар ду. Россехь дош гучудаьлла XVII бӀаьшарахь Сибрехара гӀуллакхехь болчу оьрсаша йозанца бинчу хаамашкахь. ТӀехьа иза Европе кхаьчна кхечу пачхьалкхара I Петран оьрсийн посольствошца Сибрехара Ций оьхучаьрца. Дош шуьйра девзира, Ӏилманехь бух тӀе дижира баьржинчу «шаманин динан» кхетамна. Сибрехара къаьмнашлахь «шаман» термин динан гӀуллакххо маьӀнехь, тунгусийн цхьайолу тобанаш дӀаяьхчхьана, лелош йац[4].
Харжам хуьлу «шаманийн цамгарца», цуьнца шаман дехьаволу керлачу дахаре. «Цамгаран» йукъадогӀу Ӏадатийн дакъош — валар, денвалар: жоьжахатан чувоссар, стигал хьалвалар, «деланашца», синошца къамел дар, иштта тайп-тайпана шаманийн а, динан а Ӏаламца эвхьазвалар. Хин волу шамана и цамгар йолчу хенахь тайп-тайпана дуьненаш тӀехула некъ бар шен маьӀна долуш ду — шамано и дуьненаш Ӏамадо, синошна а, «деланашна» а тӀебоьду некъ бевза, уьш тӀехьа балханна дезар ду цунна. Иштта «цамгаро» кхиийта ницкъ ло адаман дахаран лакхара потенци.
"Шаманийн цамгар" биллам бац стагах шаман хила. Цамгар йолчу хенахь я тӀехьа синош хьехам бо, ткъа цул тӀехьа къеначу хьехамчаша-шаманаша. Цамгар йоцуш а хуьлу шаман: цӀеххьана беана кхайкхам, кхечу шамано тӀехьешна дарж дӀадалар я шен ният. Дуьненан сийлалло, кхечу шаманийн корматалло ницкъ ло, хаьржинчунна, наггахь шена ца луъушехь. Шаман хӀинца шена керла Ӏилманца лела, цуо кхуллу шен Ӏадатийн практика, иза адамийн дуьнене дехьадоккху, йукъараллашна оьшуш долу керла Ӏилма дахьаш.
Шаманийн коьрта Ӏалашо йукъараллин психика дийна хилар ларъяр ю. Шираллин адамийн тайпанахь иштта стаг хилар боккха аьтту бара, хӀунда аьлча церан бӀоболар шаьш, жиннех а, «зуламийн ницкъех» а дуьненахь лардеш ду олий. Шаьш «деланашка» а, лакхарчу ницкъашка а деш долчу дуӀанаш а, сагӀанаш а доцуш, кхин а «дезчу хӀумнаш тӀехь корматаллаш» йолу адамаш хилар, царна синош гарх, уьш хьала а бевлла Стигалан «деланашца» цхьанакхетарх а, жоьжахате чу а биссина шайтӀанашца, лазаршца, валарца тӀом барх тешна бара. Дарбанан камланин Ӏадат хоттийнера пациентан сатийсам товаларх тешаре доккхуш. Шамано могашалла юхаерзор хиларах пациентан тешар чӀагӀдора Ӏадатца я кхин хӀуманца. Оцу практикашна йукъадогӀу шаманийн кхерстар, сагӀанаш дахар, камлании еш дийнна театраш хиттаяр. Шаманийн Ӏадат даиман тӀехула кечдина хуьлу. Наггахь цхьа хӀума чекхдаккха дийнна «театр» хоттайо. Леррина кечйина хӀусамо гойтура дийнна «шаманийн» лаьттан гӀайре — жима дуьне. Шаманан массо а динан гӀуллакхан хӀуманаш дуьне гойтура, цуьндела кӀорггера маьӀна долуш яра. Дуьне диллина дара шаманан барзакъ тӀехь, жиргӀан тӀехь, кхин а хӀуманаш тӀехь а. Шаманан дахар доьзна ду синийн дуьненахь леррина белхаш дарца — цамгаршна дарба дар, «цӀе караерзор», догӀа дехар, беллачаьрца къамел дар. Шаманийн белхаш а, Ӏадаташ (камлани) а йо шовкъен халхаршца, цаьрца лелайо тюнгур (жиргӀа) я вота, я башха хелхарш.
Лору, камлании еш шаманан са дилхах ара а долий кхерста кхечу дуьненаш тӀехула — хьала долу стигал (лакхара дуьне), латтан буха доьду (бухара дуьне). Зеделларг алсамдолуш шаманаш хуьлу кӀезга бозуш арахьара гӀоьнан гӀирсех, церан говзалла хуьлу хьекъалера арабовла, вотан а, кхечу техникин гӀо а доцуш иштта Ӏа а.
Шаманан болх бозуш белахь а дарбанашца, шаманаш дарбанхойх а, бецадарбанхойх а къастабо, хӀунда аьлча тӀеххьарчара дарбадо шаьш хенаца гулдинчу хааршца, царна ца оьшу синош-гӀоьнчаш, шовкъе гарш. Ширачу Ӏадаташца, оцу я кхечу дарбанин бецийн «ницкъ» бовзар адамо синошкара-гӀоьнчашкара бен хуийла дацара, я шеш бецашкара а, дитташкара а. Цуьндела шаманаш бара дарбан бецех лаьцна пайден хаамаш Ӏалашбинарш боккхачу муьрехь.
Шаманин практика йоьзна ю ширачу тарца, амма, башхалла, тар дуьне шеш шайн ницкъашца хийцар хьажийна ю, ткъа шаман тӀетовжу Ӏаламан ницкъашна. Шаман дукхах дерг Ӏаламан ницкъийн хьалхавериг ву, шамано лелош долу дарба доьзна ду Ӏаламца а, синошца а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.