Чилин Депутатийн палата
From Wikipedia, the free encyclopedia
Депутатийн палата (испан. Cámara de Diputados) — Чилин парламентан лахара палата. Депутатийн палата лаьтта 120 декъашхочух, уьш хаьржина нисса кхаж тасарца, мохк бекъна, 60 харжамийн гуонехь (Республикин Конституцин 47 йаззам). Депутаташ хоржу 4 шеран, юха харжа таро а ю. Векалийн палатан Ӏалашо законаш Сенатаца а, Республикин Президентаца а цхьаьна тӀеэцар ю. Депутатийн палато терго йо пачхьалкхан Ӏедалан межешна тӀаьхь.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Депутатийн палата.
Доца факташ Председатель, --- партин юкъара ...
Чилин Депутатийн палата (Cámara de Diputados de la República de Chile) | |||||
| |||||
Лахара палата | |||||
Председатель | Алехандро Сепульведа Орбен | ||||
---|---|---|---|---|---|
--- партин юкъара | Маьрша регионан парти | ||||
--- хаьржина | 2010 шеран 11 март | ||||
Депутаташ | 120 | ||||
Политикин тобанаш (фракцеш) | Демократин реза партеш, Хийцамийн коалици | ||||
ТӀаьхьара харжамаш | 2013 шеран 17 ноябрехь | ||||
Веб-сайт | www.camara.cl |
ДӀачӀагӀа
Депутатийн кандидаташна болу бехкамаш бийцина Конституцин 48 йаззамехь:
1. Кхаж таса бакъо йолу гражданин хилар.
2. 21 шо хан кхаьчна хилар.
3. Йукъара ишкол йа цуьнан эквивалент чекхъяьккхина хилар.
4. Харжамаш хилале шина шерал алсама хоржучу харжамийн гуонехь вехаш хила везар.