Чикоба́ва Арно́льд Степа́нович (гуьрж. არნოლდ სტეფანეს ძე ჩიქობავა; 1898 14 (26) март, Кутаисин губернин Сачикобаво эвла, — 1985 5 ноябрь) — гуьржийн а, советийн а лингвист, филологин Ӏилманийн доктор, Гуьржийн ССР ӀА академик (1941).
Чикобава Арнольд Степанович | |
---|---|
гуьрж. არნოლდ სტეფანეს ძე ჩიქობავა | |
Файл:Чикобава, Арнольд Степанович.jpg | |
Вина терахь | 1898 шеран 14 (26) март |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1985 шеран 5 ноябрь (87 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Пачхьалкх | |
ГӀуллакхан тайпа | лингвист, филолог, йукъараллин гӀуллакххо |
Ӏилманан кхоче | лингвистика, филологи, Кавказйовзар |
Белхан меттиг | |
Альма-матер | |
Ӏилманан дарж | доктор филологических наук |
Дешархой |
З. И. Керашева, З. М. Магомедбекова |
СовгӀаташ а, премеш а | |
Автограф | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
1922 шарахь чекхйаьккхира Тиблисин пачхьалкхан университет (дуьххьарлера арахецар)[1]. Университетехь хьийхира, доцентан (1926—1933) а, профессоран (1933—1985) а даржехь хилира, кавказан талламан кафедрин куьйгалла дира (1933—1960). Иштта куьйгалла дира Гуьржийн ССРн ӀА МеттанашӀаморан институтан (1936—1985) «иберийн-кавказан меттанийн» декъан. Чикобавас йоцучу хенахь куьйгалла дина (1950—1952) оцу институт охӀинца цуьнан цӀе лелайо.
1941 шарахь Гуьржийн ССР Ӏилманийн академи кхуллуш хаьржира цуьнан бакъволу декъахо, 1950—1963 шерашкара цуьнан президиуман декъахо.
Кавказан мотт Ӏаморан цхьа могӀа дошамийн а, публикацийн а автор а, редактор а. Лаьттара картвелийн, абхазийн-адыгийн, нахийн-дегӀастанийн меттанийн генетикин цхьаллин ойлан тӀехь («иберин-кавказан меттанаш»; иштта гар тахана дӀатеттина Ӏилманан йукъаралло). 1974 шарахь дуьйна арадолу «Иберин-кавказан мотт Ӏаморан хӀора шеран журналан» коьрта редактор.
Официалан цунна гӀолацахь а, цкъан а бертавогӀур воцу къовсамхо вара Н. Я. Марран «Меттанах лаьцна керла Ӏилманан». Гуьржийчоьнан КП ЦК 1-чу секретарца К. Чарквианица долу доттагӀалла бахьнехь цуьнан таро хилира дӀакхачо шен кехат Сталине. Сталина кехат дешца, тӀеийцира Чикобава. ЖамӀ, 1950 шарахь «Правда» газетехь дийцарш долийра мотт Ӏаморех лаьцна, уьш чекхдевлира И. Сталинан «Марксизм а, мотт Ӏаморан хеттарш а» йаззам зорба тохарца, иза йазбинера младограмматизман позицера, А. С. Чикобавин консультацица. Сталинан йаззамо кхайкхадора «Меттанах лаьцна керла Ӏилма» марксистийн Ӏилманца догӀуш ца хилар, тӀаккха а кхойкхура марран теорин агӀончаш хьийза ца бан.
Шен позици бахьнехь Чикобава вевзира ССРС лингвисташна йукъахь, йоцучу хенахь 1950-гӀа шерашкахь, лакхара дешаран меттигашкара дукхаха болу студенташ Ӏамош бара цуьнан «Мотт Ӏамор дӀадолор» жайница. Чикобавин боккха Ӏаткъам бара 1950—1960-гӀа шерашкара советийн кавказӀаморехь, цуьнан ишкол Г. А. Климовс а, цунан агӀончаш а иэшайаллалц[2].
Чикобава дӀавоьллина Тиблисин университетан паркехь.
Иэс
Чикобавин цӀе тиллина Тиблисера Мотт Ӏаморан институт[3].
Мемориалан у хӀоттийна А. Чикобава ваьхначу тиблисера цӀенна тӀе.
Коьрта белхаш
Монографеш
- «Цхьал-хе предложенин ба-ла гуьржийн мат-тахь» (1928; 2-гӀа арах. 1968);
- Тексташца долу чанийн (лазийн) меттадекъан грамматикин анализ. Тб., 1936;
- «Иберин-кавказан меттанашкара эргативан конструкцин бала» (1948);
- Мотт Ӏа-мор дӀа-до-лор. 2-гӀа арах. М., 1953. Д. 1;
- Мет-тан ба-ла, мотт Ӏа-мо-ран предмет сан-на. М., 1959;
- «ЖӀайн мотт» (1962, И. Церцвадзе-ца соавтор);
- «Ибе-рин-кав-ка-зан мет-та-наш Ӏа-мо-ран истори» (1965);
- «Иберин-кавказийн меттанийн гергарлонийн баланаш». ХӀинжа-ГӀала, 1965;
- «Иберин-кавка-зан мотт Ӏа-мор дӀа-до-лор» (1979)
Йаззамаш
- А. С. Чикобава, Гуьржийн маттера цхьалха предложенин кхиоран синтаксисан механизман коьрта тенденци, II, Гуьр. ССР ӀА хаамаш, т. II, № 6, 1941;
- А. С. Чикобава, Пермансив а, гуьржийн хандешан хийцадаларан исторехь цуьнан меттиг а, т. IV, № 1, 1943
- А. С. Чикобава, «Предложенин эргативан конструкци» гуламера эргативан конструкцех болу масех билгалдаккхар, 1950
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand in your browser!
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.