Цита Бурбон-Пармин
From Wikipedia, the free encyclopedia
Цита Мария дель-Грацие Адельгонда Микаэла Рафаэла Габриэла Джузеппина Антония Луиза Аньеза Бурбон-Пармин (1892 шеран 9 май[1][2][…], Виареджо, Королевство Италия — 1989 шеран 14 март[1][2][…], Цицерс, Граубюнден[3]) — тӀаьххьара Австрин император-аьзни, Богемин а, Мажаройчоьнан а паччахь-аьзни. Рисорджименто йолуш шегара Ӏарш дӀайаьккхинчу пармин герцоган Роберт Хьалхарчун ворхӀалгӀа йоӀ. Цуьнан йиша йара 1899 шарахь Цитин ворхӀ шо долу шелла йолу Мария-Луиза Бурбон-Пармин, Болгарин сту а, Борис III-гӀачун нана а.
Цита Бурбон-Пармин | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
итал. Zita Maria delle Grazie Adelgonda Micaela Raffaela Gabriella Giuseppina Antonia Luisa Agnese | |||||||
| |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Елизавета Баварин | ||||||
Когаметтаниг | Дарж дӀадаьккхина | ||||||
Дин | католикин килс | ||||||
Йина терахь | 1892 шеран 9 май({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})[1][2][…] | ||||||
Кхелхина терахь | 1989 шеран 14 март({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[1][2][…] (96 шо) | ||||||
ДӀайоьллина | Капуцинеркирхе, Императоран къубба, Австри | ||||||
Тайпа | Пармин БурбонгӀар | ||||||
Да | Роберт I | ||||||
Нана | Мария Антония | ||||||
Майра | Карл I | ||||||
Бераш |
кӀентий: Отто, Роберт, Феликс, Карл Людвиг, Рудольф йоьӀрий: Аделаида, Шарлотта, Елизавета |
||||||
Динлелор | католикин килс | ||||||
Автограф | |||||||
Монограмма | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
1911 шарахь маре йахара Франц Фердинанд вийначул тӀаьхьа Ӏаршан когаметта висинчу, ткъа 1916 шарахь — тӀаьххьара, Карл I цӀарца, австрин император хилла волу, эрцгерцоге Карле.
Австри-Мажаройчоь йоьхначул тӀаьхьа, 1918 шарахь, Карл а, Цита а кхелхира Швейцаре, ткъа цул тӀаьхьа — Мадейре, цигахь 1922 шарахь император велира. Цита Пармин цул сов йехира 67 шарахь, ткъа Австрин имперел — 71 шарахь. Воккхаха волчу кӀентаца Оттоца (1912—2011) иза лаьттира ГабсбурггӀеран цӀийнан коьртехь.
Шен жероллан хьалхарчу шарахь паччахьа Альфонсо XIII-гӀачо ковдорца император-аьзни 8 бераца Ӏийра мадридан Эль-Пардо гӀалахь, 1929 шарахь кхелхира Бельге, Дуьненан шолгӀа тӀом болучу хенахь йуьхьанца кхелхира Нью-Йорке, цул тӀаьхьа Квебеке. ТӀом чекхбаьлча охьахиира швейцарин Цицерс гӀап-гӀале. ДӀайоьллина Капуцинеркирхера Императоран къуббе.