исламан пайхамар, Муса пайхамаран ваша From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀа̄рун йа ХӀарон (Ӏаьр. هَارُون; Ӏеб. אַהֲרֹן Арон — «лекха», «лам», «серлонан лам», «хьехархо», «дешна волу») — иза исламан пайхамар а, Муса пайхамаран ваша а ву, исраилхошка ваийтина. ИбрахӀиман динашкахь (жуьгталлехь а, насараллехь а, исламехь а) Делан пайхамарех цхьаъ а, кохӀен (мозгӀар) а, веза стаг а лоруш ву иза. ХӀарунах лаьцна болчу хаамийн хьосташ схьаэцна ду динийн тексташ чуьра: Жуьгтийн Библи чуьра а, Ширачу Весет чуьра а, Къуръан чуьра а. Къуръано а, Библин Ширачу Весето а ма-бохху, ХӀарун шен вешица Мусаца Мисарахь Ӏийна, ПирӀунийн заманахь[2].
ХӀарун | |
---|---|
Ӏаьр. هَارُون | |
Вазир Муса (Мусан гӀоьнча) | |
Говзалла | кохӀен, пайхамар |
Вина терахь | в. э. хьалха 1439 |
Вина меттиг | Шира Мисар |
Кхелхина терахь | в. э. хьалха 1317 |
Кхелхина меттиг | Синай гӀум-аре |
ДӀавоьллина меттиг | |
Къам, некъе | исраилхой, жуьгтий |
Да | Ӏимран ибн КъахӀат |
Нана | Юкабад |
Зуда | ЭлишабаӀ |
Силсила | ХӀарун ибн Ӏимран ибн КъахӀат ибн Лави ибн ЯӀкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим аль-Халил |
ГӀарадевлла белхаш | Дашо эса[1] |
Лоруш волу динаш | ислам, насаралла, жуьгталла |
Жуьгтийн хьосташкахь цуьнан гергарло иштта деана ду: ХӀарун ибн Ӏимран ибн Къахӏат ибн Лави ибн Яӏкъуб ибн Исхьакъ ибн ИбрахӀим, аьлла. Шен вешел Мусал кхо шо воккха вара а олу иза[3].
ХӀарун Къуръан чохь ткъаннал сов хьахийна ву. Наггахь Мусан гӀоьнча ву аьлла хьаха а во иза: ﴾Баккъалла а, Мусага Жайна [Товрат] делира Оха. Цуьнан ваша ХӀарун цуьнан гӀоьнча а вира Оха﴿ [Къуръан 25:35]. Цхьадолчу айаташкахь иза цуьнан метта къамелдийриг ву аьлла а ду: ﴾Сан ваша ХӀарун сол а говза ву маттана. Иза а ваийтахь соьца, сан гӀоьнча а вай, со бакъ хилар цо тӀечӀагӀдийр долуш. Баккъалла а, кхоьру-кх со цара со харцварна﴿ [Къуръан 28:35]. Къуръано ХӀарунна Мусаца цхьаьнахиларехь йоккха меттиг а, боккха лерам а луш болу дела, цо керстдо (бакъ ца до) ХӀаруна дашо эса дарна, Муса воцучу хенахь жуьгташа шен Ӏибадатдина долу. И эса динчу стеган цӀе «ас-Са̄мири» йу: ﴾Цо [Дала] элира: «Баккъалла а, Оха зерна тӀе хӀоттийна хьан къам, хьо цуьнах дӀакъаьстинчул тӀаьхьа, ткъа ас-Самирис тиларе бигна уьш»﴿ [Къуръан 20:85].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.