From Wikipedia, the free encyclopedia
Хир я Тхир — хьовзочу дегӀан тӀехулара хийцалуш йолу гола а, кӀаг а, лаьтта винтан асанца. Хиран хӀоттаран, винтан передачан[1], ткъа иштта цергийн-винтан передачан бера тасабаларан коьрта дакъалг.
Шуьйра леладо номиналан диаметрца 1 - 600 мм а, гӀулчаца 0,25 - 6 мм. Профиль — цхьатерра агӀонаш болу кхо са берг (боьххьера са 60°) профилан теоретикан локхаллийца Н = 0,866025404Р. Профилан ерриг параметраш юсту мм.
Стандарташ:
Билламан билгалдаккхар хиран маркировкехь: элп M (metric), хиран номиналан диаметр терахьца билгалдаккхар (d, D схемин тӀехь, изза болт тӀиера хиран арахьара диаметр) мм, гӀулч терахьца билгалйаккхар (жима гӀулч йолчу хиранна) (P схемин тӀехь) а, элпаш LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 16 мм йоккхачу гӀулчаца билгалйоккху M16; хир номиналан диаметрца 36 жимчу гӀулчаца 1,5 мм — М36×1,5; иштта диаметрца а, гӀулчаца а, амма аьрру хиран М36×1,5LH. И параметраш таро йу гӀирс тӀеязйан тайп-тайпанчу меттигашка, М билгало йоцуш а, цундела, терахьаш 36 а, 1,5 а, тӀеяздина тайп-тайпанчу меттигашка, билгалдоккху М36×1,5. Иштта советийн а, российн а гӀирсаш тӀехь дукха хьолахь хаало яцйина маркировка жимчу гӀулчан, масала, 2М16 я 1М16, цуо билгалдоккху «М16, жима, шолгӀа» я «М16, жима, хьалхара». Оцу хьолехь 1М билгалйоккху хьалхара гӀулч, 2М — шолгӀа. Оцу гайтинчу масалин 1М16 билгалдоккху М16×1,75, ткъа 2М16 билгалдоккху М16×1,5, хӀунда аьлчи коьрта гӀулч М16 — 2 мм.
M0,25 | 0,075 | M1,1 | 0,25 | M5 | 0,8 | M17 | 2 |
---|---|---|---|---|---|---|---|
M0,3 | 0,08 | M1,2 | 0,25 | M5,5 | 0,8 | M18 | 2,5 |
M0,35 | 0,09 | M1,4 | 0,3 | M6 | 1 | M20 | 2,5 |
M0,4 | 0,1 | M1,6 | 0,35 | M7 | 1 | M22 | 2,5 |
M0,45 | 0,1 | M1,8 | 0,35 | M8 | 1,25 | M24 | 3 |
M0,5 | 0,125 | M2 | 0,4 | M9 | 1,25 | M25 | 3 |
M0,55 | 0,125 | M2,2 | 0,45 | M10 | 1,5 | M26 | 3 |
M0,6 | 0,15 | M2.5 | 0,45 | M11 | 1,5 | M27 | 3 |
M0,7 | 0,175 | M3 | 0,5 | M12 | 1,75 | M28 | 3 |
M0,8 | 0,2 | M3,5 | 0,6 | M14 | 2 | M30 | 3,5 |
M0,9 | 0,225 | M4 | 0,7 | M15 | 2 | M32 | 3,5 |
M1 | 0,25 | M4,5 | 0,75 | M16 | 2 | ||
Конусалла — 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″). Герметиллин а, кхин гӀирсаш а ца лелош хир сацоран а Ӏалашонна леладо. Хиран конусан хӀоттаран шиъ вариант йу: конусан арахьара хир конусан чоьхьара хирца а, конусан арахьара хир цилиндран чоьхьарчу хирца.
Стандарт: ГОСТ 25229-82 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Хир метрин конусан».
Билламе билгалдаккхар: MK элпаш, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметрашкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, элпийн LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 24 мм гӀулчаца 1,5 мм билгалдоккху МK 24×1,5.
Цилиндран хир бух болуш ду метрин хир тӀехь (М) номиналан диаметрца 1,6 - 200 мм, профилан сенца лакхара са 60° болуш, лерина ду аэрокосмосан техникин а, кхечунна а, нагахь эшахь лакхара чӀогӀалла а, йовхон доьхьала ондалла а. И хьал латторхьама хиран хершан арахьара хиран тӀехь хуьлу йоккхайина радиус 0,15011P тӀиера 0,180424P тӀекхаччалц. Чоьхьара хир MJ цхьаьна догӀу арахьарчу хирца M, нагахь номиналан диаметр а,гӀулч а тера нислахь.
Стандарташ:
Билламе билгалдаккхар: элпан MJ, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметрашкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, йуккъера диаметр тарйалийтаран аре а, арадийларан диаметр тарйалийтаран аре а. Масала, арахьара хир номиналан диаметрца 6 мм, гӀулчаца 1 мм, йуккъера диаметр тардалийтаран аренан 4h, арадийларан диаметр тардалийтаран аренан 6h билгалдоккху MJ6×1—4h6h вал тӀехула.
Дюйман хир бух тӀехь ду BSW (British Standard Whitworth) хиран, цхьаьна догӀу BSP (British standard pipe thread) хиранца, гӀулчан диъ терахь ду — 28, 19, 14, 11 хир дюйм йукъахь. Профилан са лакхахь — 55°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,960491Р.
Стандарташ:
Билламе билгалдаккхар: элп G, билламан биргӀа чекхъйаларан терахьан барам дюймашкахь, йуккъерчу диаметран нийсаллин класс (А, В), элпаш LH аьрру хиран. Масала, номиналан диаметр 1 1/8″ йолу хир, нийсаллин класс А йолу билгалйоккху G1 1/8-A. Дукхах йолчу хирдоккхучарна тӀехь элп G ца хуьлу, цундела, муьлхха а дакъаллин билгало йоьшу хир G санна. Хиран номиналан барам богӀу цхьаьна биргӀан йукъца дюймашкахь; биргӀан арахьара диаметр лаьтта оцу барамца пропорцехь.
Дюйман хир конусаллица 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″). Профилан са лакхенгахь — 55°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,960491Р.
Стандарташ:
Билламе билгалдаккхар: элп R арахьарчу хиран, Rc чоьхьарчу, хиран номиналан диаметран терахьан барам дюймашкахь, элпаш LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 1 1/4″ билгалдоккху R1 1/4″ санна.
Гоьрга хиран профиль кхоьллина гуонашца, лакхахь а, хершнаш чохь а, цхьаьнатоьхна нийсачаьрца профилан сенца локхаллехь 30° йолуш. Хир леладо шпинделашна, вентилашна, эдийригашна, нишкен а, хинан а чӀинташна.
Стандарт: ГОСТ 13536-68 «Гоьрга санитарин-техникин арматурина. Профиль, коьрта барамаш, тардалийтарш».
Билламе билгалдаккхар гоьрга хир: элпаш Кр, хиран номиналан диаметр, гӀулч, стандартан билгало.
Лелар дӀадаларан (леларан винташ, суппортийн винташ, штурвалан винташ, киранан винташ, кхин) Ӏалашонан а, леладо тайп-тайпанчу механикин гӀирсашкахь — токаран чархашна, автохьалаойургашна, кхин а.
Метрин хир лакхенгахь 30° профилан са болу, профилан теоретикан локхалла — Н = 1,866Р.
Стандарташ:
Цкъа хьовзочу хиран билламе билгалдаккхар: элп Tr (trapezoidal), хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, элпийн LH аьрру хиран, билгалйаккхар тардалийтаран аре. Масала, цкъа ховзон арахьара хир номиналан диаметрца 50 мм гӀулчаца 8 мм билгалдоккху Tr50х8-7е санна; иштта диаметр а, гӀулч а йолуш, амма аьрру хир — Tr50×8LH-7е.
ГӀopторан, я херхкепара хир ду киранан хир. И хир леладо боккхачу цхьаьнаагӀорчу Ӏаткъам болчу механизмашкахь, масала, гидравликан прессашкахь, винтан прессашкахь, тӀетаӀон винташкахь прокатан станашкахь, мӀарийн хирнашкахь, артсистемашкахь, иштта дӀа. Иза метрин хир ду профилан агӀонийн таӀаран са 30° а 3° а болуш.
Стандарт: ГОСТ 10177-82 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. ГӀортаран хир. Профиль а, коьрта барамаш а».
Хиран билламе билгалдаккхар: элп S, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулча терахьан барам, элпаш LH аьрру хиран, билгало а йу тардалийтаран аренан. Билламе билгалдаккхар дукха хьовзон хиран: элп S, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, къовларгаш чохь Р гӀулчан терахьан барамца, элпаш LH аьрру хиран а, тардалийтаран аре билгалйаккхар а.
Профилан агӀонийн таӀаран са 45° , 3° йолу хир, номиналан диаметрца 80 - 2000 мм.
Стандарт: ГОСТ 13535-87 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. ГӀорторан чӀагӀдина хир 45 градус».
Хиран билламе билгалдаккхар: элп S, са 45°, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулча терахьан барам, элпаш LH аьрру хиран, билгалдаккхар Тт.
Леладо электротехникийн гӀирсашкахь, масала, цӀийлу чиркхан бух (Эдисонан бух).
Стандарт: ГОСТ 6042-83 «Эдисонан гоьрга хир. Профилаш, барамаш, дозанера барамаш».
Хиран билламе билгалдаккхар: элп E, хиран лоьмар, нагахь хир металлах доцучу дакъалгийн делахь, элп N таьӀна сизца (/), ГОСТ лоьмар, масала, E27 ГОСТ 6042-83 или E27/N ГОСТ 6042-83.
ISO хиран тулкин метрин хир а, серийн хир долу чухотториг а. Лелайо хир чӀагӀдархьама я деталан чухулара доьхна хир тодархьама[3][4].
Unified Thread Standard (UTS) — дюйман цилиндран хир, шуьйра даьржина АЦШ а, Канадехь а. Лакхаллера са — 60°, профилан теоретикан локхалла — H = 0,866025P. ГӀулче хьаьжжина декъало UNC (Unified Coarse), UNF (Unified Fine), UNEF (Unified Extra Fine), 8UN, UNS (Unified Special)[5].
ЧӀогӀа шуьйра даьржина UNC 1/4 (1/4″×1,27 мм), ерриг аьлча санна терахьан а, пленкан а фото- а, видео- а камерийн, ткъа иштта жимачу форматан штативийн къовлар. Цуьнан параметраш: D = 6,35 мм, D1 = 4,975 мм, гӀулч — 20 хир дюйм йукъахь (1,27 мм). Цул хьалха фототехникийн къовларш даьржина дара 3/8″ йолу хир, гӀулчаца 16 хир дюйм йукъахь (1,5875 мм), D = 9,525 мм, D1 = 7,806 мм.
Стандарт: ГОСТ 3362-75 «Фото- а, кино- а аппараташ. Штативан хӀоттар. тӀетасаран барамаш».
British Standard Whitworth (BSW) — британин дюйман хир, 1841 шарахь Витуорт Джозефа кховдийна. Локхаллехь са — 55°, профилан теоретикан локхалла — H = 0,960491P. Жимачу гӀулчан хирнах олу British Standard Fine (BSF).
National pipe thread (NPT) — ANSI/ASME стандарт дюйман биргӀан тӀетасаран конусан хиран (NPT) конусаллийца 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″) я цилиндрин (NPS). Локхаллера профилан са — 60°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,866025Р.
Стандартан йукъара ду хирнаш 1/16″ тӀиера 24″ тӀекхаччалц биргӀанашна.
Стандарташ:
Конусан хиран билламе билгалдаккхаран масала 3/4″: К 3/4″ ГОСТ 6111-52.
Мехкдаьттан сортаментан хирнийн Ӏалашо йу биргӀанаш хӀитта мехка-даьттанан буру тухуш. Лакхара герметикалла хилийта конусан хуьлу. Профилан кепаца хуьлу: кхо са болуш профилан 60° сенца а, трапецикепара тайп-тайпана агӀонаш болчу 5° - 60° сенца а (Батресс хир). Мехкдаьттан сортаментан хирнаш коьртаниг до Америкин мехкдаьттан институтан (API) стандарташца.
Стандарташ:
Леладо лахара хир даран кепаш:
Уггаре даьржина а, универсалан а хир даккхаран кеп йу диттаца кечдар хадош. Цунна йукъадогӀу:
Хир хьовзош даккхар хирнаш сиха кечдаран кеп ю, иштта дина хир лакхара дикалла йолуш хуьлу. Хир хьовзош даккхаран йукъадогӀу:
Хир абразиван кечдарна йукъадогӀу шардар цхьаъ тай я шиъ тай долчу гуонашца. Нийса а, коьртаниг, леларан а хирнаш дохуш леладо.
Прессца кепатохар леладо пластмассех а, бесара маьӀданийн лаламех а хир доккхуш. Промышленностехь шуьйра ца даьржира.
Лалор (дукхах дерг Ӏаткъамца) леладо пластмассех а, бесара маьӀданийн лаламех а тӀех нийса доцу хирнаш дахарехь.
Электрофизикин а, электрохимин а кечдар (масала, электроэрозионан, электрогидравликан) леладо лакхара чӀогӀаллин гӀирсах а, экаме гӀирсах а деталаш тӀехь хирнаш дахархьама, масала, чӀогӀа лаламаш, кхийра гӀирсаш, кхин дӀа а.
Дукха хенахь лорура, хиран хӀоттар, чкъургаца а, цергийн передачица цхьаьна, адамаллин сийлахь-боккха кхоллам бу, Ӏаламехь тераниг бан а боцуш. Амма 2011 шарахь Карлсруэн технологин институтан Ӏилманчийн виъ стагах лаьтта тобано зорба туьйхира Science журналехь Керла Гвинейхь йехачу Тригоноптерус облонгус кепарчу чхьаьвриган-долгоносикан голан хӀоттамах лаьцна йаззам[6]. Оцу чхьаьвригийн тӀодаш дегӀаца хӀиттина ду хенан даьӀахкан гӀоьнца, иза чухьовзайо хенан даьӀахкана. Хенан даьӀахкан тӀехула лаьтта конусан винтах тера аратеӀарш. Шен рогӀехь, хенан даьӀахкан иштта ду хиран ор. Ишттачу хӀоттаро меженаш цакхоьрруш вовшахтосу, шарниранчул а гӀоле.
Винташ техникехь лело йолийна антикан заманахь. Дуьххьала винт йина лору Архит Тарентскис — философ, математик, механик, ваьхна волу вайн эрал IV—V шераш хьалха ваьхна волчу. Шуьйра йевза Архимеда йина винт, тӀуналлашший, Ӏена догӀмашший дӀасалелорхьама. Дуьххьарлера чӀагӀдаран хир долу деталаш, лело долийна Ширчу Румехь вайн эра йолалуш. Амма мах боккха хиларна уьш дагархойн хаздаршкахь, медицинан гӀирсашкахь, кхечу мах лакхарчу сурсаташкахь бен лелош ца хилла.
Леларан а, чӀагӀдаран а хирнаш шуьйра лело долийна Йуккъера бӀешерашкахь. Арахьара хир доккхура иштта: цилиндран кечам тӀе хьовзабора тӀе кир я басар хьаькхна муш, цул тӀаьхьа хиллачу спиралан билгалоца доккхура винтан хиран харш. Гайкийн меттана лелайора чоьхьара хир долу тулканаш, шиъ я кхоъ штифтаца.
XV—XVI бӀешерашкахь йан йолийра кхоъ- а, биъ- а са болу метчикаш чоьхьара хиран. Ший а деталь арахьара а, чоьхьара а хирца йолу тӀеттӀахьовзорхьама куьйга нисйора. Кхечу деталашца хийцар дан а дацара.
Деталаш хийцаран а, хиран стандарташ йар а йукъадаьккхира Модсли Генрис (Henry Maudslay) 1800 шарахь гергга, нийса хир даккхар аьтту болуш хилира цуо токаран-винтан хирдаккхаран чарх йукъайаьккхича. Лела винт а, гайка а шен дуьххьарлерчу чархана цуо куьйга йира. ТӀаккха цуо чарх тӀехь йира алсама лакхара нийсаллин винт а, гайка а. Куьйга йина винт а, гайка а хийцира, нийсачунца, тӀаккха кхин а нийса деталаш дехира. Иштта болх бира хиран нийсалла нисӀелла йаллалц.
ТӀехьарчу 40 шарахь хирнаш хийцадалар а, стандарташ яр а шайн компанешна йукъахь бен дацара. 1841 шарахь Джозеф Витуорта кхоьллира чӀагӀдаран хирнийн система, иза дукхах йолу ингалсан цӀерпоштнекъан компанеш тӀеэцар бахьнехь бахьнехь, хилира Йоккха Британин къоман стандарт, цӀе тиллира британин Витвортан стандарт (BSW). Витвортан стандартах бух хилира тайп-тайпана къаьмнийн стандарташ кхолларан, масала, Селлерса (Sellers) стандарт АЦШ-хь, Лёвенхерцан (Löwenherz) хирнаш Германехь, иштта кхин а. Къоман стандарташ чӀогӀа дукха йара. Иштта, Германехь XIX бӀешо чекхдолуш йара 11 хиран система 274 кепара хирнийн.
1898 шарахь Хирнашна стандартизацин Дуьненайукъара Конгрессо Цюрихехь билгалдехира керла дуьненайукъара стандарташ метрин хиран Селлерсан хиран бух тӀехь, амма метрин барамашца.
Российн имперехь хирнийн стандартизаци пачхьалкхан тӀегӀанехь йацара. Хиран деталаш арахоьцу хӀора предприятино, лелайора шен стандарташ, кхечу пачхьалкхашкарчу аналогаш тӀехь йина.
Хирнийн стандартизаци йаран дуьххьарлера белхаш дӀадаьхьира 1921 шарахь РСФСР хаамийн некъийн халкъан комиссариата. Цара немцойн стандартийн метрин хирнийн бух тӀехь арахийцира НКПС-1 нормийн таблицаш цӀерпоштнекъан транспортехь лелон хирнашна. Таблицашна чохь дара метрин хирнаш 6 - 68 мм диаметр йолу.
1927 шарахь оцу таблицийн терахьашца Белхан а, мохкларбаран а Советан стандартизацин комитето кхоьллира ССРС дуьххьарлерачех цхьаъ пачхьалкхан стандарт — ОСТ 32. Оцу шарахь Витвортан стандартан хирнашна кечйира ОСТ 33А. 1932 шо долалуш кечйира ОСТ трапецикепарчу хирнашна модернизаци йина америкин Acme стандартийн бух тӀехь.
1947 шарахь кхоьллира Дуьненайукъара стандартизацин кхоллам (ISO). Хиран ISO стандарташ хӀинца дуьнено а тӀеэцна йукъара ю, оцу декъахь Росси а йу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.