From Wikipedia, the free encyclopedia
Фу́рцева Екатери́на Алексе́евна (1910 шеран 24 ноябрь(7 декабрь), Вышни Волочёк, Тверан губерни — 1974 шеран 24 октябрь, Москох) — советийн пачхьалкхан а, партин а гӀуллаккхо. ССКП Москохан гӀалин комитетан хьалхара секретарь (1954—1957). ССКП ЦК Президиуман декъахо (1957—1961). ССКП ЦК секретарь (1956—1960). ССРС оьздангаллин министр (1960—1974).
Фурцева Екатерина Алексеевна | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Екатерина Фурцева | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Михайлов Николай | ||||||
Когаметтаниг | Демичев Пётр | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Капитонов Иван | ||||||
Когаметтаниг | Устинов Владимир | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Богуславский Пётр | ||||||
Йина терахь | 1910 шеран 24 ноябрь (7 декабрь) | ||||||
Йина меттиг | Вышни Волочёк, Тверан губерни, Российн импери | ||||||
Кхелхина терахь | 1974 шеран 24 октябрь (63 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москох, РСФСР, ССРС | ||||||
ДӀайоьллина | |||||||
Да |
Фурцев Алексей Гаврилович (кхелхина 1914 шарахь) |
||||||
Нана |
Фурцева Матрёна Николаевна (1890—1972) |
||||||
Майра |
Битков Пётр Иванович Фирюбин Николай |
||||||
Бераш |
Фурцева Светлана Петровна (1942—2005) |
||||||
Парти | ССКП 1930 шарахь дуьйна | ||||||
Дешар |
Москохан юткъа химин технологийн М. В. Ломоносовн цӀарах институт ВКП(б) ЦК Лакхара партин ишкол |
||||||
Динлелор | Дин дац (атеизм) | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Йина 24 ноябрехь (7 декабрехь) 1910 шарахь Тверан губернера Вышни Волочёк гӀалахь, белхалочун доьзалехь. Да, Фурцев Алексей Гаврилович, кхелхина Дуьненан хьалхара тӀеман шерашкахь Петроградан фронтехь. Нанас, Матрёна Николаевнас, кӀади дуцучу фабрикехь болх беш, гӀалин кхеташонан депутат йолуш, кхин тӀе, йоза хууш йоцуш, ша кхиийра йоӀ.
1924 шарахь комсомоле йаьккхира. 1928 шарахь чекхйаьккхира ворхӀ шеран ишкол, 1928—1930 шерашкахь болх бира Вышни Волочёкера кӀади-дуцу фабрикехь, шен нана йолчохь.
Сиха хьалайаха йолайелира партин карьерин ламин тӀехула: каде, жигара, дика спортан а, жоьпаллин а йоьӀан тидам бира лакхарчу накъосташа, 1930 шарахь хьажийра Курскан областан Кореневн ЕЛККБ кӀошткоман секретарь дарже йуьртан бахам айба. 1930 шарахь йаьккхира ЕКП(б) декъа. Дукха хан йалале, иза хаьржира Феодосин ЕЛККБ гӀалкоман секретаран дарже, цигахь болх бира 1933 шо кхаччалц. Феодосехь Фурцева Екатерина кхолламаллин декъан куьйгалхочун даржехь йара, ГӀирмин комсомолан обкоманбюрон декъахо а йолуш. Кхузахь цунна вевзира Королёв Сергей (хин волу гӀараваьлла ракетин-космосан системийн конструктор), иза, Фурцева санна, нека хазахеташ вара. Оццу хенахь ЕКП(б) обкомо кхийдош йара иза Ленинградера Аэрофлотан курсашка. Кхаа шарахь дешна, иза шен майрачуьнца хьажийра Саратов, цигахь хӀоттийра Саратовн авиацин техникуман политдекъан хьаькаман гӀоьнча комсомолан агӀора.
1933—1938 шерашкахь (кхечу версица 1936—1941 шерашкахь) — Москохан юткъа химин технологийн М. В. Ломоносовн цӀарах институтан студент, цига хьажийнера кхин дӀа ЕЛККБ ЦК студентийн кегийрхойн декъан инструктор болх бан Ӏама. Чекхйаьккхича инженер-химикан диплом делира.
Оцу хеннахь 1933—1935 а, 1937—1938 а шерашкахь — институтан ЕЛККБ комитетан секретарь, 1935—1937 шерашкахь — ЕЛККБ ЦК аппаратан белхало. 1941 шарахь дакъа лецира Москох ларйаран белхашкахь. ТӀом болабаларца дакъа лецира заводаш, музейш, институташ, кхин ладаме объекташ кхалхоран белхашкахь. 1941—1942 шерашкахь — Куйбышевн областан Куйбышевн ЕКП(б) гӀалкоман секретарь. 1942 шарахь йухайирзира Москоха, дӀалецира Фрунзен кӀошткоман кадрашца бечу белхан секретаран дарж, дукха хан йалале хилира Москохан ЕКП(б) Фрунзен кӀошткома хьалхара секретарь, оцу даржехь хийцира Богуславский.
1948 шарахь Фурцевас чекхйаьккхира ЕКП(б) ЦК Лакхара партишкол. Цуо пайда оьцура ЕКП(б) москохан гӀалкоман хьалхара секретаран Попов Георгийн тешамах. ДоттагӀаллин йукъаметтигаш йара цуьнан Попов хийцина Хрущёвца а.
1953 шарахь Сталин веллачул тӀаьхьа, Хрущёв хӀоттийра ССКП ЦК хьалхара секретарь, сихха волавелира шена ца оьшу нах дӀабаха, хӀиттийра ладаме даржашка зийна накъостийн. 1954—1957 шерашкахь Фурцевех хилира ССКП Москохан гӀалкоман Хьалхара секретарь. Оцу муьрехь иза жигара пачхьалкхан ладамаллин тайп-тайпана объекташ йан йолайелира, масала, вайна йевза «хрущёвкаш». XX гуламехь (1956) дуьххьара хаьржира ССКП ЦК декъахо. ТӀаьхьа XX (1956), XXII (1961), XXIII (1966), XXIV (1971) ССКП гуламашкахь юх-йуха хоржура ССКП ЦК декъахо. 1949 шеран 21 январехь, Ленин велла 25 шо кхочуш мероприятехь, Шверник Николайс а, Хрущёв Никитас а Фурцева Сталинан йовзийтира, цунна иза тайра, комплимент а йира.
1949 шеран августехь, ВАСХНИЛан сесси чекхйаьлча, 1948 шарахь, емала дира медицинин Ӏилма[1].
1950 шарахь йистхилира Поповн куьйгаллехь хилла партин белхан иэшамех лаьцна докладца. Докладехь вара Хрущёв а. Цул тӀаьхьа Екатеринех хилира Москохан ЕКП(б) гӀалкоман шолгӀа секретарь, фактехь Никита Сергеевичан гӀовс. Оцу хенахь дуьйна цуьнан декхарш йукъахь дара оьздангаллин, идеологин, Ӏилманан гӀуллакхаш а, административан меженийн урхалла а.
1950 шарахь дуьйна йара ССРС Лакхара Кхеташонан депутат. ССКП XIX гуламехь (1952) хаьржира ССКП ЦК кандидатийн декъа. Сталинан урхаллин чеккхенгахь, «Ленинградан гӀуллакх» кхехкачу хенахь йира партин могӀанашкара цӀано, ша гучубохура ленинградхой, дакъа лоцура уьш тайп-тайпана даржашкара дӀабохуш. «Лоьрийн гӀуллакх» кегочу хенахь кегийрхой йукъараллин дахаре озош: йира митингаш, демонстрацеш, дешаран меттигашкахь хӀиттабора партин гайтамаш, коммунистийн идеологи чӀагӀйаран харш чохь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.