малхбален Руман империн хьалхара император From Wikipedia, the free encyclopedia
Фла́вий Арка́дий (377, Испани — 408 1 май, Константинополь) — малхбален Руман империн хьалхара император, цхьаъ йолу Руман импери Малхбузен а, Малхбален а Руман имперешка чаккхенца 395 шарахь йекъначул тӀаьхьа хӀоттийна. Императоран Феодосия I-чун а, Флациллин воккха волу кӀант.
Флавий Аркадий | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
желт. Ἀρκάδιος лат. Flavius Arcadius | |||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Феодосий I | ||||||
Когаметтаниг | Феодосий II | ||||||
Вина терахь | 377 шеран 1 январь | ||||||
Кхелхина терахь | 408 шеран 1 май[1] (31 шо) | ||||||
Тайпа | Феодосийн некъий | ||||||
Да | Феодосий I Сийлахьверг[2] | ||||||
Нана | Элия Флацилла | ||||||
Зуда | Евдоксия Элия | ||||||
Бераш | Феодосий II, Флацилла, Пульхерия, Аркадия, Марина | ||||||
Динлелор | Керстаниг-никейхо | ||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Аркадий[3] вина Испанехь 377 шарахь. Цуьнан хьехархой хилла Фемистий а, сийлахь Арсений а. Август хӀоттийна 383 шеран 16 январехь Константинополан гергара Евдом олучу меттигехь. Паччахьалла лелийна 395—408 шерашкахь, консул хилла 385, 392, 394, 396, 402, 406 шерашкахь.
Феодосий Сийлахьверг веллачул тӀаьхьа Руман импери йийкъира, цунах малхбален император хилира, ткъа цуьнан вешийна Гонорийна кхечира Малхбузе. Аркадийн мохк баьржина бара Адриатикин хӀорд тӀера Тигр эрк тӀекхаччалц а, Дунай тӀера Нил тӀекхаччалц а. Фактехь Малхбален урхалча вара Малхбален преторин префект, схьавалар галлех долу, Руфин. Руфин гӀиртира Аркадега шен йоӀ йигийта маре, амма сийлахь дуьйшу чоьнан препозита, цӀуьхьаро Евтропийс цуьнан планаш йохийра, баьччин Баутонан хазачу йоьӀа Евдоксийн сурт гайтина. 395 шеран 27 апрелехь императоро йалийра Евдоксия[4]. КӀант а, когаметтаниг а — Феодосий II, — воцуш, Аркадийн йиъ йоӀ йара: Флацилла[5], Пульхерия, тӀаьхьа къобал йина йеза стаг йу аьлла, боккха Ӏаткъам беш йара пачхьалкхан гӀуллакхашна, кхи а Аркадий а, Марина а.
395 шеран 27 ноябрехь Руфин вийра готтийн баьччин Гайнин салташа император а волуша. Руфин вожош ладаме роль ловзийра Стилихона а, цуьнан зудчо Серенас а, иза Константинополе йеънера император Феодосия I дӀавуллуш. Оцу хенахь дуьйна паччахьан гуонера уггаре Ӏаткъаме стаг хуьлу Евтропий, иза шен рогӀехь вожийра 399 шарахь саьхьаралла а, харц гӀуллакхаш а бахьнехь Ӏедал каралаьцначу император-аьзнис Евдоксияс а, Гайнас а.
400 шарахь гӀевттина Константинополан бахархоша байира масех эзар готтийн салтий, Гайнин вада дийзира имперера. Амма Дунайл дехьара гуннийн паччахь волу Ульдина, империн бартхо, вийра Гайна; цуьнан баьккхина корта Константинополе бахьийтира. И хиламаш аллегорин кепара охьабехкина Синезий Киренан «Хин дерг гарх» сочиненехь.
Историкан Филосторгийнс дийцарехь, Аркадий «лоха, веӀа, гӀийла, Ӏаьржачу аматехь вара. Цуьнан деган кӀодалла гойтура цуьнан къамело, бӀаьргийн башхалло а, уьш цуьнан набарца а, цамгарца а дӀакъийлалора. Кхин а гӀон амал лора императоран Синезийс:
...Шуна кӀезиг го, шуна кӀезиг хеза, аша йойу зиеделла хьекъале масалаш схьа ца оьцу. Шун самукъа ца долу дегӀана там хилча бен, дукхаха дерг чам а, хьожа а дика йолчу матерешна йукъадоьду. Шун хилар чинтах тера ду (шир.-желт. θαλαττίου πνεύμονος)[6]. |
Килсан историкаша билгалйоккху Аркадийн беркате нийсо; Сократ Схоластика йуьйцу меттиг, масала цуо дуӀа дар бахьнехь эзарнаш нах ца белира Константинополехь йоккха гӀишло тӀейоьжначу хенахь (VI. 23), олу императорах «эсала а, машаре а стаг». Кхечу агӀора, цхьацца хьосташа дуьйцу Аркадийн хиллех а, моханех а. Марцеллинан хронико хоуьйту, 390 шарахь 13 шодолчу Аркадийс гӀалин чура эккхийра шен десте Галла.
Оццу Филосторгийс дуьйцу шен зудчо Евтропийн арз дича Аркадий хьераваларх лаьцна. Зонара (XIII. 19) дуьйцу, Феодосийс шайн хьехархочочун Арсенийн хьоьхийлехь ирахь латта аьлла Гонорийн а, Аркадийн а омар делча, Арсенийс цхьа хӀума даьлла Аркадийн таӀзар дича, Аркадийн чӀогӀа ца вийзира иза, мах белла иза вен стаг лецира; Арсений кӀелхьара велира сихха вадар бахьнехь.
Аркадийн сийнна къилбаседа Мисрахь 386 а, 395 а шерашкахь кхоьллина руман провинциин цӀе тиллира, иза лаьттира 640 шарахь Мисар Ӏаьрбоша йаккхалц.
Зуда 395 шеран 27 апрель — Элия Евдоксия (377 — 6 октябрь), йоӀ Флавия Бавтона (велла 386/87), 385 шарахь Руман империн консул
Бераш:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.