ТӀеман гӀуллакх
From Wikipedia, the free encyclopedia
ТӀеман гӀуллакх — машаран а, тӀеман а заманахь пачхьалкхан герзан ницкъаш барца а, кечбарца а йоьзна гулъяран термин ю. Цу терминан юкъадогӀу цаьрца доьзна теоретикан а, практикан а хаттарш. Иштта тӀеман гӀуллакх- иза мехкан бахархоша хила тарлучу тӀамна беш болу кечам бу[1][2][3][4][5].
Дешан готтачу маьӀнехь, тӀеман гӀуллакх — эскаран гӀуллакх дан дезачу а, эскаран декхар кхочушдан хьакъ болчарна а оьшуш йолу лерина хаарийн а, говзаллийн а система ю[3][4][5]. И хаарш а, говзаллаш а караерзорхьама арме кхойкху нах а, эскаре бовла хан тӀе ца кхаьчна нах а тӀеман кечаман курсах чекхбовла а беза.
Цхьайолчу пачхьалкхашкахь (меттанашкахь) «тӀеман гӀуллакх» кхетам лелош бац. Цуьнан метта лелайо кхийолу терминаш, масала тӀеман Ӏилма а, тӀеман талламаш а, тӀеман исбаьхьалла а. Ткъа Оьрсийчоьнан тӀеман гӀуллакхехь цу терминийн шен маьӀна а, хӀоттам а бу.