From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ХӀинца йолу Туркменин лаьттан административни кхоллам билгалбоккху Туркменин «Низамех долу Туркменин лаьттан административни кхолламан гӀуллакхаш, пачхьалкхан предприятешна, организацешна, урхаллашна, кхечу объекташна цӀераш тахкар а, хийцар а» цӀе йолчу, 2009 шеран 18 апрелехь тӀеэцначу Законо[1]. Закон тӀетевжина ду 2008 шеран Туркменин Конституцина, билгалйоккху пачхьалкхан лаьттан административни кхолламан структура, лаьттан административни дакъа кхолларан а, дӀаяккхаран а, цӀераш яларан а, хийцаран а, дозанаш хийцаран а низам. Законаца, лаьттан административни кхолламан гӀуллакхаш, Туркменин Министрийн Кабинето кховдадой Туркменин Меджлисо къастадо.
2009 шеран 18 апрелехь арадаьллачу Законаца Туркменин нах беха меттигаш галийн (гӀаланаш а, посёлкаш а) а, яртийн (ярташ) а меттигашна йекъало. Туркменехь (2014 шеран 1 январан терахьаш) кхаа административни категорера 24 гӀала, 77 посёлок, 1901 юрт.
Административни агӀора Туркмени лаьтта велаятех, этрапех, генгешликех, пхеа административни категорийн нах беха меттигех (2014 шеран 1 январан терахьаш):
№ | Нохчийн цӀе |
Туркменийн цӀе |
Администра- тивни центр |
Бахархой, стаг (2005) |
Латта, км² |
Дуькъалла, стаг/км² |
КӀоштийн барам (этрапаш)[3] |
ГӀалийн барам[3] |
Поселкийн барам[3] |
Генгеш- ликийн барам[3] |
Яртийн нах беха меттигийн барам[3] |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
1 | Ашхабад | Aşgabat şäheri |
871 500 | 470 | 1854,26 | 7 (гӀалийн кӀошташ) |
1 | 1 | - | - | |
2 | Ахалан велаят | Ahal welaýaty |
Аннау | 939 700 | 97 160 | 9,67 | 9 | 4 | 11 | 96 | 252 |
3 | Балканан велаят | Balkan welaýaty |
Балканабат | 553 500 | 139 270 | 3,97 | 6 (цул сов 2 Туркменбашы гӀалахь) |
7 | 16 | 40 | 128 |
4 | Дашогузан велаят | Daşoguz welaýaty |
Дашогуз | 1 370 400 | 73 430 | 18,66 | 9 | 2 | 8 | 140 | 654 |
5 | Лебапан велаят | Lebap welaýaty |
Туркменабат | 1 334 500 | 93 730 | 14,24 | 14 (цул сов 2 Туркменабат гӀалахь) |
5 | 27 | 119 | 485 |
6 | Марын велаят | Mary welaýaty |
Мары | 1 480 400 | 87 150 | 16,99 | 12 | 5 | 14 | 157 | 382 |
Массо а | 6 550 000 | 491 210 | 13,33 | 61 (оцу йукъахь 11 гӀалахь) | 24 | 77 | 552 | 1901 |
1917 шарахь хӀинцалера Туркменин латта Каспийндехьара областан (Столица — Асхабад) а, Бухарийн эмиратан а йукъадодара. 1919 кхоьллира Туркестанан Советийн Федерацин Республика коьрта гӀала Ташкент а йолуш, оцу йукъа дагӀара дукхаха долу Туркменин дакъа. Туркмени, къаьстина болу административни кхоллам бина 1921 Туркменийн областах. 1924 Бухарийн ХСР дӀаяьккхича, цуьнан малхбузера кӀошташ тӀетуьйхира Туркменийн областан, цунах йира Туркменийн ССР.
Туркменийн ССР дуьхьанца йекъалора округашна: Керкинан, Ленинан (тӀехьа — Чарджуйн), Мерван, Полторацкан (тӀехьо — Ашхабадан) а, Ташаузан а. 1939 йукъадаьккхира областашна декъадалар:
1943 шарахь Чарджоун областан декъах кхоьллира Керкинан область, иза лаьттира 1947 шо кхаччалц. Оцу шарахь дӀаяьккхира Красноводскан область, кӀошташ дӀаелла Ашхабадан областан.
1952 шарахь Красноводскан область юха меттахоттийра, амма 1955 юха а дӀаяьккхина, кӀошташ юха а дӀаелла Ашхабадан областан.
1959 шарахь дӀаяьккхина Ашхабадан область. Кировн, Серахан, Тедженан кӀошташ дӀаелла Марыйн областан, йисина кӀошташ дехьевлла республикин куьйга кӀела.
1963 шарахь дӀайоккху Марыйн, Ташаузан, Чарджоун областаш, цхьайолу кӀошташ дӀаяьхна, областийн йисина кӀошташ дехьаевлла республикин куьйга кӀела. Иштта, 1963 шарахь дуйна Туркменийн ССР лаьттара республикин куьйга кӀелара кӀоштех.
1970 шарахь меттахоттайо Марыйн, Ташаузан, Чарджоун областаш.
1973 шарахь меттахоттайо кхин а Ашхабадан а, Красноводскан а областаш, республикин куьйга кӀелара кӀошташ дӀайовлу.
1988 шарахь Ашхабадан а, Красноводскан а областаш юха а дӀайоху.
1991 шарахь Красноводскан областан хиллачу латта тӀехь кхуллу Балканан область коьрта гӀала Небит-Даг йолуш.
1992 шарахь Ашхабадан областан латта тӀехь кхоллало Ахалан велаят коьрта гӀала хьалха Ашхабад, ткъа тӀехьо Аннау, цул тӀехьа, «Рухабад» проект кхочушъян йолийча, Рухабад. Балканан а, Марын а областийн цӀераш хуьцу, Балканан, Марын велаят. Ташаузан областах хуьлу Дашогузан велаятом, Чарджоун — Лебапан велаят. Ашхабад гӀала ю ша лаьтта административни кхоллам, дӀанисйина велаяте.
Велаяташ йекъало этрапашка (кӀошташ) а, этрапийн бакъо йолу гӀаланашка а, царех хӀорачун коьртехь хьаькам ву. Этрапашна йукъахь ю меттигерчу куьйга кӀелара гӀаланаш, посёлкаш, генгешликаш (цхьаннах я масех яртех лаьтта).
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.