From Wikipedia, the free encyclopedia
Тора́лес Хуа́н Баути́ста (испан. Juan Bautista Torales; 1956 шеран 9 мартехь, Лукехь) — парагвайн футболист. 1979 шеран Америкин кедан толамхо, 1986 шеран дуьненан чемпионатан, 1987 а, 1989 а шерийн Америкин кедан декъахо. Левзина турслочун позицехь.
Йуьззина цӀе | Торалес Хуан Баутиста | |||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Харц цӀе | Teju | |||||||||||||||
Вина терахь | 1956 шеран 9 март (68 шо) | |||||||||||||||
Вина меттиг | Луке (Парагвай), Парагвай | |||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||
Локхалла | 173 см | |||||||||||||||
Позици | турсло | |||||||||||||||
|
||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||
|
||||||||||||||||
|
Торалесан кунья йара «Теху», иза «Моьлкъа» бохург ду — дика дӀай схьай хьовзарна, говза арен тӀехь латтарна, ткъа иза чӀогӀа ладаме ду турслон ловзарехь, еллера и цӀе. 1981 шарахь иза дехьавелира «Либертаде», цигахь 10 шарахь ца йаккхайелира Парагвайн хьалхейаккхар — оцу шерашкахь чемпионатехь хьалхе йара асунсьонан «Олимпийн», цулла наггахь бен хьалха ца йовлура кхин командаш.
1986 шарахь Торалес къоман командица цхьаьна кхачавелира дуьненан чемпионате. Футболисто билгалйоккху коьртачу тренеран Кайетано Рен башха роль оцу аьттонехь[1]. Турнирехь парагвайхой кхачабелира 1/8 финале, цигахь ийшира Ингалсан гулйина команда. Торалес левзира командин йерриг 4 матчехь.
1987 а, 1989 а шерашкахь Торалес левзира Америкин кедехь, амма 1979 шеран аьтту ца хилира цуьнан къоман командица. 1992 шарахь турсло левзира коьрта шахьран «Гуараница», цул тӀаьхьа дехьавелира шен хьомечу «Спортиво Лукеньо», цигахь 1995 шарахь чекхйаьккхира футболистан карьера.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.