Толстой, Лев Николаевич
From Wikipedia, the free encyclopedia
Лев Никола́евич Толсто́й[1] (1828 шеран 28 август (9 сентябрь), Ясни Поляна, Тулин губерни, Российн импери — 1910 шеран 7 ноябрь (20 ноябрь), Астапово станци, Рязанан губерни, Российн импери) — массарал вевзашволучарах цхьаъ оьрсийн йаздархо а, ойланча а. Цхьаболчара и лоруш ву дуьненахь массарал воккху йаздархо ву санна[2]. Севастополь ларйаран (1854—1855) декъашхо. Серлонча, публицист, динан ойланча. Цуьнан ойланаш бахьанехь «толстовство» олу керла дин доладелла. Паччахьан Ӏилманан академин Член-корреспондент (1873 шо), исбаьхьа йозан сийлахь академик (1900 шо)[3].
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |
Лев Николаевич Толстой | |
---|---|
оьрс. Толсто́й Лев Никола́евич | |
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо, драматург, философ, романист, педагог, эссеист, детский писатель, автор дневника, прозаик, Публицист, эсперантист |
Вина терахь | 1828 шеран 9 сентябрь({{padleft:1828|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) |
Вина меттиг | Ясни Поляна, Тулин губерни, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1910 шеран 20 ноябрь({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (82 шо) |
Кхелхина меттиг | Астапово станци, Рязански губерни, Российн импери |
Корматалла | йаздархо |
Гражданалла | Российн импери |
Да | Николай Ильич Толстой (1794—1837) |
Нана | Мария Николаевна Волконская |
Зуда | Софья Андреевна Берс (22.8.1844 — 4.11.1919) |
Бераш |
|
Сайт | http://az.lib.ru/t/tolstoj_lew_nikolaewich/ |
Куьг таӀор | |
Лев Николаевич Толстой Викилармехь |
Вехачу хенахь иза лерина оьрсийн литературин тхьамда. Цуьна кхолларалло йолийна оьрсийн а, дуьненан а реализмехь керла мур. Цуьнан кхолларала хилира XIX бӀешеран классикийн романан а, XX бӀешеран йукъахь шатайпа тӀай. Цо бина европера гуманизмана а, дуьненан литературехь йолчу реализман ламастана боккха Ӏаткъам. Цуьнан произведенишца дукха фильмаш йаьхна СССРхь а, кхечу пачхьалкхашахь а, цуьнан пьесаш дукха хӀиттийна дуьненан сценашкахь.
Цуьнан къаьсстина йевзаш йолу произведениш йу «ТӀом а, машар а», роман «Анна Каренина», трилоги «Бералла», «Кхиина валар», «Къоналла», повесть «Крейцеран соната», «Севастополан дийцараш» аьлла цикл, и. к. д.