Теночтитланан гуо лацар — 1521 шарахь коьртехь испанин конкистадор Кортес Эрнан волу эскаро Ацтекийн империн коьрта шахьар тӀехьа схьайаккхарца а, йохайарца а гуо лацар. Бухара бахархойн а, конкистадорийн а шортта тӀемаш хиллашехь, нисса Теночтитлан йожар Ацтекийн импери йохаран йуьхьиг хилира. Мексика йаккхар Испанин Америкин колонизацин дакъа дара было частью. Кхоъ тӀелатаран могӀанан коьртехь бара Педро де Альварадо, Кристобаль де Олида, Гонсало де Сандоваль.
Доца факташ Теночтитланан гуо лацар, Терахь ...
Теночтитланан гуо лацар |
---|
Коьрта конфликт: Кортеса Ацтекийн импери йаккхар |
«Кортеса Мексика йаккхар». Ца вевза исбаьхьалча, 17 бӀешеран шолгӀа дакъа. |
Терахь |
1521 шеран 26 май — 13 август |
Меттиг |
Теночтитлан, хӀинцалера Мехико, Мексика |
ЖамӀ |
испанхойн конкистадорийн толам |
Испани Тласкала
|
Ацтекийн импери
|
|
Эрнан Кортес Педро де Альварадо Гонсало де Сандоваль
|
Куаутемок
|
|
16 йоккха топ 13 бригантина-кема 80 000—200 000 бертахойн тайпанийн тӀемлой 86—96 дошло 900—1300 гӀашло
|
300 000 тӀемло[1]
|
|
450—860 испанхо 20 000 тласкалахо
|
100 000 тӀемло 100 000 маьрша нах
|
|
|
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
XVI бӀешарахь Америке кхаьчна испанхой, цецбевлла бара ацтекийн гӀаланийн бахамах, церан хозаллех. Кортес Эрнан шен салташца а, бартхой-индахошца а гӀалин чувахара 1519 шеран 8 ноябрехь, амма 1520 шеран 1 июлехь вада дийзира. Испанхой йуха а тӀелетира 1521 шеран 4 июнехь. Гуо лацар чекхделира Теночтитлан 13 августехь йожарца.