Тарпеташ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Тарпеты — вайн эрал I эзаршо хьалха[1] Азовн хӀордан малхбален а, къилба-малхбален а бердашца даьхна меотийн тайпанашах (хила тарло, хӀиндоарийн[2]) цхьаъ ду. Антикан историкаш меотийн пачхьалкхах олуш хилла — Меотида — Азов-хӀордан тӀиера Ӏаьржа хӀорд тӀекхаччалц болу мохк, ткъа Азов-хӀордах олуш хилла Меотийн Ӏам.
Меотех бу, царех шеш шайха болу синдаш а, дандареш а, тореаташ а, аграш а, аррехаш а, ткъа иштта «тарпеташ», обидиакенаш, ситтакенаш, досхаш, кхин цхьаберш а.
«Тарпетийн» исторех тешалла до тӀулга йозанаш — боспоран паччахьан Перисадан I-чун (вайн эрал 348—309 шераш хьалхара) титулараш, оцу тӀехь дуьйцу шен Ӏедалан кӀелахь долу къаьмнаш, царна йукъахь тарпеташ а. амма цхьайолчу титураларашкахь (оццу паччахьан) тарпеташ ца хьехабо, цуо гойту, цуьнан Ӏедал оцу меотийн тайпанан тӀехь цхьаьна эшшара ца хилар[4].
Кхин дӀа тарпетех хилларг хууш дац. Хила тарло уьш меотийн йукъараллех ийна.