From Wikipedia, the free encyclopedia
СадеӀар (латинан маттахь respiratio) — дийнатийн а, ораматийн а, дукхачу микроорганизмийн а диссимиляцин коьрта кеп йу. СадеӀар — чохь са долу организмийн метаболизм (хӀумаллийн а, энергин а хийцам) нийса дӀаэхар латтош йолу физиологин процесс йу. Иштта садеӀаро латтайо гомеостаз. СадоьӀучу хенахь организман хьоле химин энерги йолу хӀуманаш къен энерги йолу тӀаьххьарчу сурсатийн (кӀорненан (углеродан) диоксидан а, хина а) кепе телха.
Арахьара садеӀар — организман а, Ӏаламан а йукъахь болу газхийцам бу. Газхийцам- муьсталг дӀахьулдаран а, кӀорамусталлин (углекислотин) газ а дӀакъастаран а процесс йу. Иштта цунна йукъадогӀу са доьӀу турбанаш (йекъа къамкъаргаца садоьӀуш йолчу сагалматийн) йа цӀий леларан система чухула и газаш лелар.
Клеткин садеӀаран йукъайогӀуш йу клеткийн мембранаш чухула белокаш лелош йолу биохимин процессаш; иштта кхачан химин ницкъ (энерги) хуьйцуш митохондрийн талхар (окислени) а ду цунна йукъадогӀуш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.