Рези́стор (инг. resistor, лат. resisto — «дуьхьало яр» бохучух схьадаьлла) — электрикин зӀен партал элемент. Идеалехь цуьнан тоькан дуьхьало яр доцург кхин билгало хила ца еза. Идеалан резисторин даима зӀен декъан Оман закон нийса хила деза: резисторан тӀехь йолу цӀеххьана булам нийса пропорцехь хила еза цунахь чекх йолу токаца . Амма муьлха а резисторан, мел а елахь, йолуш ю паразитан токан чухоам а, паразитан индуктивность а, сизийн йоцу вольтан-амперан характеристика.

Thumb
Тайп-тайпана резистораш

Резистораш схемаш тӀехь билгалъяхар

а) Россиехь а, Европехь а лелош йолу билгало
б) АЦШх лелош йолу билгало

Россиехь схемаш тӀехь йолу билгалонаш ГОСТ 2.728-74 нийса хила еза. Оцу ГОСТаца хийца ца луш йолу резисторийн билгалонаш таблицехь ма-ярра хила еза:

Ма-дарра Билгало ГОСТ 2.728-74, Билгалдахарш ...
Билгало
ГОСТ 2.728-74
Билгалдахарш
2cm Хийцалуш йоцу резистор нуцкъалла билгалъяккхаз
2cm 0,05 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 0,125 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 0,25 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 0,5 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 1 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 2 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 5 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор
2cm 10 Ватт нуцкъалла йолу хийцалуш йоцу резистор 10 Вт
ДӀачӀагӀа

а) таханлера даймехкан схеманаш тӀехь резистораш билгалъяхар (ГОСТ 2.728-74).
б) резистораш билгалъяхар кхочу пачхьалкхан схемашан тӀехь а, хьалхалера даймехкан схеманаш тӀехь

Хийцаме а, нислуш йолу а, сизийн йоцу а резистораш билгалйоху некх:

Ма-дарра Билгало по ГОСТ 2.728-74, Билгалдахарш ...
Билгало
по ГОСТ 2.728-74
Билгалдахарш
Хийцаме резистор.
Реостат санна латина хийцаме резистор (мача йистера цхьана сераца вовшах тесна ю).
Нислуш йолу резистор.
Реостат санна латина нислуш йолу резистор (мача йистера цхьана сераца вовшах тесна ю)..
Варистор (цуьнан дуьхьало буламца доьзна ю).
Термистор (цуьнан дуьхьало температурица доьзна ю).
Фоторезистор (цуьнан дуьхьало серлонца доьзна ю).
ДӀачӀагӀа

Резисторах хӀотталуш йолу зӀенаш

Резистораш тӀаьхьа-хьалха вовшахтасар

Резистораш тӀаьхьа-хьалха вовшахтесча цера дуьхьаллонаш вовшахкхета: Thumb

Массо резистор цхьатерра хилча , церан цхьанакхетта дуьхьало хуьлу.

Резистораш хьалха-тӀаьхьа вовшахтесча церан цхьанакхетта дуьхьало массарел йоккха дуьхьало йолчу резисторел йоккха хуьлу.

Резистораш параллельно вовшахтасар

Резистораш параллельно вовшахтесча, церан чекхъялийтарша (дуьхьалон дуьхьал йолу йокхалланаш) вовшахкхета. Церан вовшахкхетта чекхъялийтар массо резисторийн чекхъялийтарш вовшахтоьхча хуьлу.Thumb

ЗӀе масийтта хьалха-тӀаьхьа я параллельно вовшахтесначу декъа екъалуш елахь, цкъа хьалха хӀора декъан дуьхьало лору. Таккха массо а декъа дуьхьало цхьаьна мел хир ю лору.

Параллельно вовшахтесна йолу шина резисторан дуьхьало ю: .

Массо а резисторан дуьхьало цхьатера елахь , цера вовшахкхетта дуьхьало ю.

Параллельно вовшахтесначу резисторийн дуьхьало царех массарел жимачул жима хира ю.

Резистораш ийна вовшахтасар

Thumb

Схема хӀотталуш ю шина параллельно вовшахтесна блоках. Царех цхьаъ ю шина хьалха-тӀаьхьа вовшахтесна резисторех хӀотталуш а, а, цера ерриг дуьхьало ю , важа ю резисторех , цера еррига чекхъялийтар ю , еррига дуьхьало ю .

Хьалха-тӀаьхьа я параллельно вовшахтесна блокашна зӀе екъалуш йацахь лелайо Кирхгофан бакъо. Наггахь ларар атта хилийта лелайо «кхосаберг — седа» цӀе йолу хийцар.

Булам боькъург

Thumb
Булам боькъург.

Нагахь санна R=9R1, таккха UWY=0,1UWE, чубогӀу булам 10-за жимлур бу.

Резисторийн классификаци

Thumb
Кхоъ тайп-тайпан номинал йолу зорбанан платин тӀелатийна тӀоьхула монтажан резистор (SMD).

Резистораш тоька тӀехь болх бечу аппаратурин дакъош ду. Уьш дӀакъастийна а хила тарло, микросхемашна чохь а хила тарло. ДӀакъастийна резистораш шайн Вольт-амперан характеристике (ВАХ) а, монтаж яран некъе а, дуьхьало хийцаяларе а, яран технологига а хьаьжна тайпанашка йекъало[1].

Резистораш Ӏалашо хьаьжна йекъайалар:

  • йукъара Ӏалашойн резистораш;
  • лерина йина резистораш:
    • йоккха дуьхьало ерш а (итт МОм дуьйна масийтта ТОм кхаччалц, белхан булам 100..400 В);
    • лекха булам берш а (белхан булам — масийтта кВ);
    • лекха лестам берш а (церан шайн индуктивность а, чухоам а къезга ю, белхан лестам масийтта бӀе МГц);
    • нийсанарш а, тӀехнийсанарш а (цера тӀедитар 0,001 — 1 %).

Церан дуьхьало хийцаяларе хьаьжна:

Thumb
Хицалуш йоцу резистораш
Thumb
Хицалуш йолу резистор
Thumb
Нислуш йолу резистораш.
Thumb
Т1ехнийса дукха хьовзалуш йолу резистор.
  • Хийцалуш йоцу резистораш;
  • хийцалуш йолу резистораш;
  • нислуш йолу резистораш.

Ларъяран некъе хьаьжна:

  • къаьстина;
  • къастазъяза;
  • вакууман;
  • герметизаци йина.

ДӀахӀоттаяран некъе хьаьжна:

  • зорбан монтажан йина;
  • тӀеуллу монтажан йина;
  • микросхемашна а, микромодулишна а йина.

Вольт-амперан характеристикин хьаьжна:

  • сизийн резистораш;
  • сиздоцу резистораш:
    • варистораш — дуьхьало хийцало буламе хьаьжна;
    • терморезистораш — дуьхьало хийцало температуре хьаьжна;
    • фоторезистораш — духьало хийцало серлоне хьаьжна;
    • тензорезистораш — дуьхьало хийцало деформаце хьаьжна;
    • магниторезистораш — дуьхьало хийцало магнитан майдане хьаьжна.

Яран технологин хьаьжна:

Thumb
Серийн резистор д1ахьовзорца.
Thumb
Чкъоран к1оран резистор (цхьадолу басар д1адеккхина ток йоду чкъор гайтархьам).
  • Серийн резистораш. Уьш ю лакха декъан дуьхьало йолу цхьана хӀозан тӀехьарчийна серийн юхк. Цера хуьлу йоккха паразитан индуктивность. Йоккха дуьхьало йолу жима серийн резистораш наггахь йо буткъа серех.
  • Чкъоран эчиган резистораш. Уьш ю дуткъа лакха декъан дуьхьало йолу кхийран чӀун тӀе чан тоьхна эчиган чкъор. Цера юхьигаш тӀе серий болу эчиган кедаш тӀебухку. Наггахь дуьхьало сов яккха чкъорехь винтан хир доккху. Оцу тайпан резистораш массарелла а яржина ю.
  • Эчиган фольган резистораш. Дуьхьало яш йолу материал ю юткъа эчиган лента.
  • КӀоран резистораш. Уьш хуьлу чкъоран а, чухоаме а. Цара лелайо графитан лакхара декъан дуьхьало.
  • Интегральни резистораш. Цара лелайо къизиг легировани ах-проводникан дуьхьало. И резистораш хуьлу лекха вольт-амперан характеристикин сизйоцуш. Дукха хоьлехь уьш лелайо интегральны микросхеманан юкъахь, кхоьчу тайпа резистораш лело аьтту боцучеш.

Промышленностьс арахоьцу резистораш

Thumb
Резистораш

Промышленностьс арахоьцу цхьана номиналан резисторийн дуьхьалонаш дӀасаяржина хуьлу. И дӀасаяржар ю резистор яран нийсонца йозна. Резистораш яр нийсо хуьлу 20 %, 10 %, 5 %, и. к. д. 0,01 % тӀекхаччалц[2]. Номинал луург хуьлуьла дац: уьш хоржа леррина йина номиналан моггӀера, дукха хьолехь E6 (20 %), E12 (10 %) я E24 (5 %). Номиналаш кхиъ нийса хила езахь лелайо царелла нийса могӀанаш (масала, E48).

Резистораш къастош ю цера уггара лакхара дӀасабаржош болу нуьцкъаллица (ГОСТ 24013-80 а, ГОСТ 10318-80 а схьа ма боху советан радиотехникан промышленностьс арахоьцура резистораш лахахь багарбина нуьцкъала болуш, Ватташкахь, Вт.: 0.01, 0.025, 0.05, 0.062, 0.125, 0.5, 1, 2, 3, 4, 5, 8, 10, 16, 25, 40, 63, 100, 160, 250, 500)[3]

Резисторашна тӀехь хуьлу билгалонаш

Жима нуьцкъала болу резистораш чӀогӀа кеги ю. Цера йохалла масийтта миллиметр ю, диаметр цхьаъ миллиметр гергга ю. Царна тӀехь яздинарг къестира дац. Цундела царна тӀехь иттанийн тӀадаман меттин яздо дуьхьало гойту элп (К — килоомашна меттин, М — мегоомашна меттин, Е я R — омашна меттин). Цул совнах, массо а номинал гойту кхаа элпаца. Масала, 4K7 йозанас билгал йоккху 4,7 кОм дуьхьало йолу резистор, 1R0 — 1 Ом, М 12 — 120кОм (0,12 МОм) и. к. д. Амма иштта кеги йоза язда а, деша а хала ду. Цундела резисторашан тӀе цера дуьхьало гайта бес-беса сизниш дохку.

20 % нийсо йолу резисторашан тӀе кхо сиз хьокху, 10 % а, 5 % а нийсо йолу резисторашан — диъ сиз, царелла а нийса йолу резисторашан — пхиъ а, ялх а. Хьалхара шина сизас гойту номиналан хьалхара ши элп. Сиз 3 я 4 делахь, кхозлугӀа сизас гойту иттанийн оьцург (иттан степень). 4 сиз делахь, тӀеххьар сизас гойта резисторан нийсо. 5 сиз делахь, кхозлугӀа сизас гойту дуьхьалин кхозлугӀа элп, 4-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 5-гӀа — нийсо. 6-гӀа сиз делахь, цо гойту дуьхьаллин температуран коэффициент. 6-гӀа сиз 1,5-за вукха сизашал шуьра делахь, цо гойту резисторан тешамалла (1000 сохьтехь болх бича галъяларан %)

Наггахь нисло 5 сиз долу резистораш амма стандартан (5 я 10 %) нийсо йолуш. Иштта меттехь хьалхара 2 сизас гойту номиналан хьалхара элпаш, 3-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 4-гӀа сизас гойту нийсо, 5-гӀа сизас — температуран коэффициент.

Ма-дарра Бос, терахь санна ...
Резистораш босца билгалъяккхар
Бос терахь санна иттанийн оьцург санна нийсо санна, % ТКС санна, ppm/°C тешамалла санна, %
детиха1·10−2 = «0,01» 10
дашо1·10−1 = «0,1» 5
Ӏаьржа 01·100 = 1
боьмаша 11·101 = «10» 11001 %
цӀен21·10² = «100» 2500,1 %
цӀехо-можа31·10³ = «1000» 150,01 %
можа41·104 = «10 000» 250,001 %
баьццара51·105 = «100 000» 0,5
сийна 61·106 = «1 000 000» 0,2510
шекъанан басахь7 1·107 = «10 000 000» 0,15
мокха 8 1·108 = «100 000 000»
кӀайн9 1·109 = «1 000 000 000» 1
йац 20 %
ДӀачӀагӀа
Масал
Хуьлуьтур вайн резисторан тӀехь диъ сиз: боьмаша, Ӏаьржа, цӀен, дашо. Хьалхара шина сизас ло 1 0, 3-гӀа 100, 4-гӀа сизас гойту нийсо 5 %. Дерриг а хуьлу дуьхьало 10·100 Ом = 1 кОм а, нийсо ±5 % йолу резистор.

Бесан билгалонаш дагахь сацо хала дац: Ӏаьржа 0 а, боьмаша 1 тӀехьа стелаӀадан бесаш боьдуш бу. И билгалонаш ингалсан пачхьалкхашахь кхоьллина хиларан бахьнехь сийна а, стигалан бос а къастош бац.

Иштта и билгалонаш дагахь сацо лело йиш ю мнемоникан бакъо: «Часто Каждый Красный Охотник Желает Знать Сколько Фазанов Село в Болоте». Оцу предложенин хӀора дешан хьалхара элпас гойту оьрсийн маттахь йолу бесан цӀе.

Резисторан номинал къасто атта хилийта йолуш ю и болх беш йолу программанаш.

Резистор симметри йолу хӀума ю. Цундела муьлха агӀора сизниш деша деза кӀасто хала хила тарло. Диъ сиз долу билгало йолу 5 я 10 % нийсо йолу резисторашна и къасто атта ду: дашо я дато сиз тӀаьххьара ду. Кхо сиз хилча хьалхара сиз йисте оьзна хуьлу. ХӀуъа хилча а номиналан могӀара дуьхьало нисъяла еза. Иза нислуш йацахь билгало кхоьчу агӀорера еша еза. СССРх йина 4 сиз долу МЛТ-0,125 резисторашна тӀехь хьалхара лоруш ду йисте оьзна диллина сиз.

5 сиз долу Panasonic резисторашна тӀера йоза деша резистор нисъя еза ша летташ долу сиз аьтту агӀор летташ. ТӀаккха хьалхара шина сизас гойту хьалхара ши терахь, 3-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 4-гӀа сизас гойту нийсо, 5-гӀа сизас — резистор лелайо меттиг.

Ша-тайпа меттиг ю бесан билгало лелаяр дуьхьало йоцу тӀайнаш. Уьш билгал йоху юккъе диллина цхьана Ӏаьржа сизца. И тӀайнаш леладар бахьан ду дийригашна шайн вовшахтосу автоматаш нисъяран харжаш лахъя лаар.

SMD-резисторашан билгалонаш

Дуьхьало йоцу «резистораш» (платин тӀе хӀоттадо тӀайнаш) билгалдоху цхьана терахьца «0». Терахьаш сов делах:

3 я 4 терахьца билгало яр

  • ABC билгалдо AB•10C Ом
Масала, 102 — иза 10•10² Ом = 1 кОм
  • ABCD билгалдо ABC•10D Ом, нийсо 1 % (могӀа E96)
Масала, 1002 — это 100•10² Ом = 10 кОм

1кОм = 1000 Ом

Билгало яр терахь-терахь-элп (JIS-C-5201)

МогӀа E96, нийсо 1 %.

Дуьхьалон мантисса m билгал йоккху шина 2 терахьца (хьажа таблице), 10 уллехь йолу степень гойту элпас.

Масала: 09R = 12,1 Ом; 80E = 6,65 МОм; массо а 1 %.

  • S = 10−2
  • R или X = 10−1
  • A = 100 = 1
  • B = 101
  • C = 10²
  • D = 10³
  • E = 104
  • F = 105
Ма-дарра код, m ...
кодm кодm кодm кодm кодm кодm
011001714733215493166546481681
021021815034221503246647582698
031051915435226513326748783715
041072015836232523406849984732
051102116237237533486951185750
061132216538243543577052386768
071152316939249553657153687787
081182417440255563747254988806
091212517841261573837356289825
101242618242267583927457690845
111272718743274594027559091866
121302819144280604127660492887
131332919645287614227761993909
141373020046294624327863494931
151403120547301634427964995953
161433221048309644538066596976
ДӀачӀагӀа

Билгало яр элп-терахь-терахь

E24 а, E12 могӀанаш, нийсо 2 %, 5 %, 10 % (E48 могӀа лелош бац).

10 уллехь йолу степень гойту элпас (1 % нийсо йолу резисторашан санна, лакхара списке хьажа). Дуьхьалон мантисса m а, нийсо а гойту 2 терахьаш (хьажа таблице).

Масала:

  • 2 %, 1,00 Ом = S01
  • 5 %, 1,00 Ом = S25
  • 5 %, 510 Ом = A42
  • 10 %, 1,00 Ом = S49
  • 10 %, 820 кОм = D60
Ма-дарра 2 %, 5 % ...
2 % 5 % 10 %
кодm кодm кодm
011002510049100
021102611050120
031202712051150
041302813052180
051502915053220
061603016054270
071803118055330
082003220056390
092203322057470
102403424058560
112703527059680
123003630060820
1333037330
1436038360
1539039390
1643040430
1747041470
1851042510
1956043560
2062044620
2168045680
2275046750
2382047820
2491048910
ДӀачӀагӀа

Кхийолу резисторийн билгалонаш

Дуьхьало температурица доьзна хилар

Thumb
Лабораторин резистор

Эчиган а, серийн а резисторийн дуьхьало къеззига доьзна ю температурица. И доьзна хилар сизийн ю

,

хӀунда аьлча, 2-гӀа а, 4-гӀа даржан коэффициенты чӀогӀа къезга ю, уьш дукха холехь ца лара мегир ду. коэффициентах олу дуьхьалон температуран коэффициент. И бахьнехь резистораш лело йиш ю термометраш яш. Полупроводникан резисторийн дуьхьало кхиъ лакхар ю.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Литература

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.