Регбех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина команда
From Wikipedia, the free encyclopedia
Регбех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина командо мохк гойту дуьненайукъара матчашкахь а, турнирашкахь а регби-15 ловзуш. Командин тиллина харц цӀе «Лело» схьайолу регбех тера долчу гуьржийн ламастан ловзарх — лело бурти. Гуьржийн маттахь «лело» дешан маьӀна ду, нохчийн маттахь санна, чуяккха гӀертар. Гуьржийн регби езархойн уггаре даьржина мохь беттар ду — «Лело, лело, Сакартвело» («гӀорта, гӀорта, Гуьржийчоь»).
Гуьржийчоь | |||
---|---|---|---|
Логотип | |||
Харц цӀе | лело | ||
Федераци | Гуьржийн регбин союз | ||
Коьрта тренер | Леван Маисашвили д. кх. | ||
Капитан | Мамука Горгодзе | ||
Уггаре дукха ловзар |
Давид Качарава (121) | ||
Бомбардир (очкош) | Мераб Квирикашвили (833) | ||
Бомбардир (гӀортар) | Мамука Горгодзе (26) | ||
ЦӀера стадион | Пайчадзе Борисан цӀарах Динамо-Арена | ||
|
|||
Хьалхара ловзар | |||
![]() ![]() (1989 шеран 12 сентябрехь) |
|||
Уггаре боккха толам | |||
![]() ![]() (2007 шеран 8 апрелехь) |
|||
Уггаре боккха иэшам | |||
![]() ![]() (2003 шеран 12 октябрехь) |
|||
Дакъалацар | 4 (хьалхара 2003) | ||
Кхиамаш | шиъ толам (2015) |
Гуьржийчоьнан гулйина команда лору шолгӀачу тӀегӀанехь а, «Хай-перфоманс» категорехь а. Юкъатуху уггаре сиха кхуьучу дуьненан къоман командашна. Гуьржий дакъалоцуш бу Европин къаьмнийн кедан лакхарчу дивизионехь, толамхой хилла 2001, 2007/08, 2009, 2011 шерийн турнирашкахь. Гулйина командин дукхаха болу спортхой ловзуш бу Топ 14 а, лахара лигийн а французийн клубашкахь. Иштта практика юкъаяьккхира гулйина командин тренеро французо Сорель Клода. ТӀаьхьа Сорела болх бира российн командица — гуьржийн принципан къовсархочунца.
Регби уггаре а хьоме спортан тайпан юкъайоьду махкахь. IRB дуьненан кедехь левзина Регби-7 ловзаран Гуьржийчоьнан оцу дисциплинера гулйина команда, хилира оццул лакхара тӀегӀане яьлла мехкан дуьххьарлера регбин команда. Гулйина командо дакъалецира ДЧ-2003, цигахь левзира Францин а, Ирландин командашца. 2006 шарахь гуьржаша ловза бакъо яьккхира 2007 шеран дуьненан хьалхеяккхарехь. Дуьненан чемпионаташкахь дуьххьарлера толам баьккхира Намибица хиллачу матчехь, иза чекхъелира 30:0 чоьтаца гуьржий тоьлуш. 2015 шарахь дуьненан чемпионатехь гуьржаша дуьххьара иэшийра лакхарчу тӀегӀанера команда — Тонгин гулйина команда — 17:10 чоьтаца.
2019 шеран 9 сентябрехь гулйина команда яра IRB дуьненан рейтингехь шийтталгӀачу позицехь. Къоман союзо иштта гӀо лоцу шолгӀачу гулйина «А» командин гӀуллакхна.