Радиожигара элемент
From Wikipedia, the free encyclopedia
Радиожигара элеме́нт — массо а изотопаш радиожигара йолу химийн элемент ю. Практикехь оцу терминца дукха хьолахь билгалйоккху муьлхха а элемент, Ӏаламан эдаларехь цхьаъ мукъане а радиожигара изотоп елахь, аьлча а нагахь элементо гучуйаккхахь радиожигаралла Ӏаламехь[1]. Цул сов, радиожигара ю массо а синтез йина таханлерачу дийнахь адамо кхоьллина элементаш, хӀунда аьлчи церан массо а изотопаш радиожигара ю.