From Wikipedia, the free encyclopedia
Пу́шкаш Фе́ренц (маж. Puskás Ferenc, винчу хенахь тиллина цӀе Фе́ренц Пу́рцельд Би́ро[7] (маж. Purczeld Bíró Ferenc); 1927 1 апрель, Будапешт, Мажаройчоь — 2006 17 ноябрь, циггахь) — Мажаройчоьнан а, испанин а футболист, тӀелатархо, мажарийн «Дешин командин» ловзархойх цхьаъ, 1954 (Мажаройчоьнан гулйина командин йукъахь) а, 1962 (Испанин гулйина командин) а шерашкара дуьненан чемпионатийн декъахо.
Йукъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе | Ференц Пурцельд Биро | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Харц цӀе | Öcsi[1] | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1927 шеран 1 апрель[2][3] | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Будапешт, Мажаройчоь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 2006 шеран 17 ноябрь[4][5][…] (79 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Будапешт, Мажаройчоь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
Мажаройчоь Испани |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 172 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | тӀелатархо | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
МФФИИС хеттаршца 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика дуьненан футболисташна йукъахь. 7-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран бӀе уггаре дика ловзархошна йукъахь World Soccer журналан версица. 6-гӀа меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь Guerin Sportivo[8] версица. 7-гӀа меттигехь ву йерриг футболан исторера уггаре дика футболисташна йукъахь Placar журналан версица[9]. 7 меттигехь ву XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь France Football версица[10]. XX бӀешеран 50 уггаре дика ловзархойн испискин йукъа воьду Planete Foot версица[11]. Футболан исторера уггаре дика ловзархойн испискин йукъавоьду Voetbal International версица[12].
Пушкаш Ференц дийна волуш къобал вира уггаре дика мажарийн футболист ву йерриг заманахь. Пушкаш Ференцан цӀе лелайо Будапештера мультиспортан стадионо а, футболан командо а. ФИФАн версица шеран уггаре хаза голан совгӀато футболистан цӀе лелайо[13].
Пушкаш Ференц вина дунайн шваб волчу Пурцельд Ференцан къечу доьзалехь. Ша Пушкаш вина 1 апрелехь Узцоки госпиталехь[14], амма шен дерриг дахарехь вина де даздора 2 апрелехь, хӀунда аьлча документашна тӀехь и терахь дара[15]. Пушкашан да (1903 шеран 11 май — 1952 шеран 12 июнь)[16] а вара футболист, ловзуш вара «Кишпешт»[7] йукъахь, ткъа цул тӀаьхьа клубехь тренеран гӀоьнча болх бира. Цуьнан нана, Маргит Биро (1904 шеран 21 декабрь — 1976 шеран 21 апрель)[17] тегархо болх беш йара. Немцойн фамили Пурцельд хийца сацам бира 1937 шарахь мажарийн йукъараллехь къомананаллин дог-ойла чӀагйалар бахьнехь, иза доьзна дара оцу хенахь хиллачу мажарийн коьртан, Хортин гӀуллакхца[15]. Цул сов, ПурцельдгӀеран доьзало немцойн мотт бийцар а дитира. Кхин а Ференцан йиша йара — Ева[16].
Хьалхара шераш Пушкаш дӀадаьхьира будапештан кӀоштара «Кишпештан» кечаман аренан уллера жимачу цӀа чохь[18][15], цигахь бехара дукха къона доьзалаш, шортта бераш а долуш. Циггахь Ференц футболех ловза волавелира; дукха хьолахь буьрка йора горгамех, цул тӀаьхьа бераш дӀадоьлхура луларчу кӀошта Грундиге[18], цигахь доккхура дийнахь итт сахьт. Пушкашан лулахойх цхьаъ а, уггаре дика доттагӀ а вара Божик Йожеф[18][15]. 12 шо долуш Божиках хилира «Кишпешт» кегийрхойн командин ловзархо. Иза хиина, 10 шо долу Пушкаша, дӀаэца бохуш дехарш дира, 1925 шарахь виначу Миклош Ковачан цӀарах дина варах долу тешалла, клубан белхалочуьнга[15], цуо аьшпаш боьттира, ша клубан хилла ловзархочун кӀант ву, ден къоналлехь санна говза а ву бохуш[19]. Клубо дӀаийцира Пушкаш, дохко а ца йелира: 15 шо долуш Ференц, ткъа шо долчу гражданинан Милош Ковачан цӀарца, кхайкхира клубан коьртачу команде. Ткъа 1943 шеран 5 декабрехь цуьнан дебют хилира коьртачу командин йукъахь «Орадя» командин дуьхьала, оцу хенахь коьртачу хӀоттаман доккхаха долу декъан жӀаьлин уьнан эпидеми кхеттера. Коьртачу хӀоттаман кхоалгӀачу ловзарехь, 12 декабрехь, Пушкаша туьйхира шен хьалхара йоккхачу футболера гол[18]. 1949 шарахь «Кишпештан» цӀе хийцира «Гонвед» аьлла, 1949 шеран 1 декабрехь Пушкашах хилира мажарийн эскаран тӀеман гӀуллакххо.
1956 шеран мажаройн гӀаттамал тӀаьхьа кхелхира Испане, цигахь шарахь сов ца левзира лакхарчу тӀегӀанехь, мадридан «Реалца» контракт даллалц, цунна йукъахь левзира 1958 - 1967 шерашкахь. Цуо кхин а тӀеийцира испанин гражданалла, цуо таро йелира цунна оцу мехкан къоман командехь ловза.
— нагахь со галл ца ваьллехь, Пушкаш «Реал» йукъа дӀаэца ца лаьара? — Ференц къона вацара. 31 шо оцу хенахь – хӀинца долу 41 шо санна дара. Амма Эмиль Остерехера собарца «кечвора» туьйра хилла «Реалан» президент Бернабеу: «ДӀаэца Пушкаш, дохко девра дац шу». Цуо бат сеттайора: «Къена ма ву иза, 30 кила сов веза…». Амма Остерехер йуха ца волура: «Ференцан чӀогӀа лаьа шух кхета» — цу тӀе бакъдерг дийцича Ференцан хӀумма а ца лаьара, футбол йита гӀерташ вара иза. Пушкаше Эмила олура, Бернабеун чӀогӀа лаьа иза шен командехь ган[20]. Шандор Варга |
Мажаройчоьнан а, Испанин а гулйина командашна йукъахь левзина 89 матчехь, чутоьхна 84 гол, Мажаройчоьнан а, Испанин а лакхарчу лигашкахь левзина 534 матчехь, чутоьхна 512 гол[21].
1952 шеран Олимпийн чемпион. Пхоьазза Мажаройчоьнан чемпион, пхоьазза Испанин чемпион. Кхузза баьккхина Европин чемпионийн кад (1959, 1960, 1966).
ФИФАс кхайкхийна XX бӀешеран уггаре дика бомбардир. 2009 шеран октябрехь ФИФАс кхоьллина хӀора шеран Пушкаш Ференцан совгӀат уггаре хазчу голан[22].
Тренеран кхиамаш: Европин чемпионийн кедан (1971, «Панатинаикос») финалхо, Желтойчоьнан шозза чемпион (1970, 1972, «Панатинаикос»), Желтойчоьнан кад баьккхинарг (1979, АЕК Афина), Австралин чемпион (1991, «Саут Мельбурн Эллас[en]»).
1981 шарахь Пушкаше официалан кхайкхира Мажаройчу, цигахь иза хиланза 25 шо дара. Уггаре хьалха иза шен ден-ненан коше велира Кишпештехь. Цуьнан сийнна хӀоттийра гайтаман матч «Непштадионехь», цигахь гулвелира 60 эзар сов хьажархо.[23] [24] [25]
1993 шарахь чеккхенца цӀавирзира Мажаройчу, цхьаьна хенахь къоман командан тренер а лаьттира. Цул цхьа шо хьалха, 1992 шеран сентябрехь Пушкаш чеккхенца цӀанвира мажарийн Ӏедало, подполковникан чин а йелира.[26] 2002 шарахь будапештан «Непштадионан» иза дийна а волуш Пушкашан цӀе тиллира.
Ференц велира 2006 шарахь пневмонех, 6 шарахь Альцгеймеран цамгар а лелийна; дӀавоьллина къоман сийлаллийца Сийлахь Иштванан базиликехь Будапештехь. Веллачул тӀаьхьа цунна йелира бригадан инарла чин.[27]
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.