Пугачёва, Алла Борисовна
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пугачёва А́лла Бори́совна (дуьххьара марехь йолуш — Орбакене; йина 1949 15 апрелехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — советийн а, российн а эстрадан йишлакхархо, композитор-эшархо, эстрадан режиссёр, продюсер, киноактриса, телехьалхелелорг. ССРС халкъан артист (1991). Российн Федерацин Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1995). II, III, IV тӀегӀанера «Даймехкан гӀуллакхдарна» орденан кавалер.
Пугачёва, Алла Борисовна Алла Борисовна Пугачёва | |||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
![]() | |||||||||||
Коьрта хаам | |||||||||||
Йуьззина цӀе | Пугачёва Алла Борисовна | ||||||||||
Йина терахь | 1949 шеран 15 апрель({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1][2] (75 шо) | ||||||||||
Йина меттиг | Москох, РСФСР, СССР | ||||||||||
Жигараллин шераш | 1965 — хӀинца а | ||||||||||
Пачхьалкх |
![]() ![]() ![]() |
||||||||||
Говзаллаш | йишлакхархо , композитор -эшархо, пианист, эстрадан режиссёр-хӀотторхо, актриса , музыкин продюсер , хьуьнарча, йуккъерачу ишколан хьехархо, хьехархо | ||||||||||
Эшаран аз | меццо-сопрано | ||||||||||
Пондарш | фортепиано | ||||||||||
Жанраш | поп, диско, синтипоп, поп-рок, софт-рок, фанк-рок | ||||||||||
Псевдонимаш | Борис Горбонос | ||||||||||
Коллективаш |
радиостанци «Къоналлин» агитбригада (1967—1968); ПЦЭГД (1969); ВГӀА «Керла электрон» (1969—1970); Москохан областан филармони (1970—1971); ВИА «Москвичи» (1971); Лундстрем Олеган урхаллера джаз-оркестр (1972—1973); Москохан областан филармони (1973); ВГӀА «Москохахо» (1973—1974); ВГӀА «Самукъане бераш» (1974—1976); Пачхьалкхан эстрадан Эрмалойчоьнан Орбелян Константинан урхаллера оркестр (1976). |
||||||||||
Лейблаш | Мелоди, Amiga, Balkanton, Victor, Opus, Kansan, Supraphon, Track Music, World Record Music, Ритонис, Оьрсийн диск, студи «Союз», General Records, Sintez Records, Extraphone, Alla Pugacheva production, арт-студи «Алла», Астра, Гранд Рекордс | ||||||||||
СовгӀаташ |
|
||||||||||
Автограф | |||||||||||
http://www.allaradio.ru | |||||||||||
![]() |
Цуьнан репертуар йукъахь йу 500 сов эшар оьрсийн, ингалс, немцойн, французийн, иврит, финийн, украинийн меттанашкахь, ткъа цуьнан дискографехь ду 20 сов солон пластинка, CD. Росси а, ССРС хилла мехкашкахь а доцург йишлакхархочун альбомаш арахецна Японехь[4], Корейхь[5], Швецехь[6], Финляндехь[7], Германехь[8], Польшехь[9], Чехословакехь[10], Болгарехь[11]. Дискийн йукъара тираж совйаьлла 250 млн экземплярал[12].
Пугачёва Аллин карьера лору йерригсоюзан санна, иштта дуьненайукъара аьтту хилла музыкин сценин тӀехь малхбален а, къилбаседан а Европин мехкашкахь. ХӀинца цунах олу «примадонна», «эстрадан паччахь-аьзни», «Российн коьрта йишлакхархо». 1976 шарахь дуьйна 1990-гӀа шераш дуьйладаллалц йерригсоюзан музыкин хит-парадийн хеттарийн жамӀашца хийца а ца луш лорура уггаре дика йишлакхархо.
2010 шарахь сацийра гастролийн гӀуллакх, амма ца йелира жигара кхоллараллин гӀуллакхна гена: сих-сиха дакъалоцу дуккха а гулйинчу концерташкахь а, телепередачашкахь а, ткъа кхин а цхьаьнаэшшара арахоьцу керла эшарш. Марехь йу Галкин Максимехь. Ши йоӀ а, кӀант а, кхоъ берийн бер а
.
ТЕПЕРЬ Я ПИШУ НЕ ПРО АЛЛУ ПУГАЧЕВУ. Я ПИШУ О ДРУГОМ.
Новой самой красивой девочкой стала Виолетта Антоновна. Эта милая красавица-блондинка с прекрасными голубыми глазами и выразительным лицом не может не понравится. Она покоряет мир! Но в тоже время красавицу шатенку тоже любят все.