From Wikipedia, the free encyclopedia
Орцу́ев, Хаса́н Ума́рович (1953 шеран 12 май) — нохчийн паргӀата кепар латархо, 1979 шеран ССРСн чемпион, 1979 шеран Дуьненан чемпион, ССРСн спортан Сийлахь говзанча.
Орцуев, Хасан Умарович | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьршаниг |
Пачхьалкх | ССРС → Росси |
Говзалла | паргӀата кепар латархо |
Вина терахь | 1953 шеран 12 май (71 шо) |
Спортан карьера | 1967-1982 |
Тренераш | Багаев, Дэги Имранович |
Локхалла | 160 сантиметр |
Йозалла | 90 кг |
Хасан Орцуев вина (1953 шеран 12 майхь. Лата Ӏама волавелла 14 шо кхаьчча. Цуьна тренер вара Деги Багаев.
1973 шарахь иза кегирхойн йукъехь ССРСн чемпион хилира. Цул тӀаьхьа иза ССРСн паргӀата кепа латаран гулйина командехь вара. 1977 шарахь Болгарехь хилла Универсиадехь цо дато мидал йаьккхира. 1977 шарахь ССРСн чемпионатехь цо дато мидал йаьккхира, 1978 шарахь — борза мидал. 1979 шарахь цо массо а турнирехь толам беккхира, амма Москвахь хилла Олимпиаде иза ца вигира. ТӀаьххьара цо дакъа лаьцна чемпионат йара 1982 шарахь Орджоникидзехь, амма цигахь цуьнга толам ца баккхабелира.
Хасан Орцуев МВД балхара дӀаволуш цуьнан полковникан дарж дара. Хьалхара тӀом болалуш хенахь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн «Динамо» Лааме спортан йукъараллин председателин когаметтинаг.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.