From Wikipedia, the free encyclopedia
Несара[2] (оьрс. Назрань, гӀалгӀ. Наьсаре, На́на-Наьсаре) — Российн къилбехьара Республика ГӀалгӀайчуьра шахьар. Несаран кӀоштан административан йукъ, амма цунна йукъа ца йогӀу. Республикин маьӀнин шахьар. Кхуллу гӀалин гуо Несара гӀала[3]. Уггаре йоккха ГӀалгӀайчоьнан шахьар.
ГӀала | |||||
Несара | |||||
---|---|---|---|---|---|
Наьсаре, На́на-Наьсаре | |||||
|
|||||
43°13′ къ. ш. 44°46′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Росси | ||||
Регион | ГӀалгӀайчоь | ||||
ГӀалин гуо | Несара гӀала | ||||
Истори а, географи а | |||||
Йиллина | 1781 | ||||
Дуьххьара хьахор | 1810 | ||||
Хьалхара цӀерш |
1944 кхаччалц — Назрань 1959 кхаччалц — Коста-Хетагурово |
||||
Майда | 138,28 км² | ||||
Центран локхалла | 522 м | ||||
Климатан тайпа | барамера | ||||
Сахьтан аса | UTC+3 | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | ↗122 261[1] стаг (2020) | ||||
Луьсталла | 885,95 стаг/км² | ||||
Агломераци | 120,000 | ||||
Къаьмнийн хӀоттам | гӀалгӀай, нохчий, оьрсий | ||||
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш, православи | ||||
Официалан мотт | гӏалгӏайн мотт, оьрсийн мотт | ||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Телефонан код | +7 8732 | ||||
Поштан индекс | 386120 | ||||
ОКАТО | 26406 | ||||
nazrangrad.ru | |||||
Картин тӀехь | |||||
XIX бӀешеран йуккъехь хьахайо Несара эвла. Топоним антропонимах схьайаьлла хетарх кхетайо — дуьххьара охьахиина Нясарах, иза хьахаво халкъан легендашкахь. 1944 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхарца эвла йукъатуьйхира Къилбаседа ХӀирийчоьна, цӀе хийцира Коста-Хетагурово аьлла хӀирийн поэтан К. Л. Хетагуровн цӀарах. Нохч-ГӀалгӀайн АССР метахӀотторца 1957 шарахь йухайелла Несара цӀе, 1967 шарахь цунах Несарашахьар йина[4].
Шахьар лаьтта Соьлжа эркан аьрру бердаца, республикин малхбузен декъехь, Къилбаседа ХӀирийчоьн административан дозанехь, республикин коьрта шахьран — МагӀасан 4 км къилба-малхбузехьа.
Несаран махка стаг охьахиина йуккъера тӀулган бӀешерера муьрахь дуьйна. 30 гергга тӀулгийн мустье гӀирс дукхаха берш андезитера а болуш карийна В. П. Любинна Дошлакъий-Йурт йистехь. Карийна и гӀирсаш меттигерачу породех бина хилар, оцу меттигехь мустьен муьрехь тӀулг кечбо жима пхьолгӀа хила хилар а[5]. лакхара палеолитан муьрера Мокхазан гӀирс карийна Эккажакъоьнгий-Йуртахь[6].
Несара кхоьллина терахь тӀеэцна 1781 шо[7]. Бух схьаэцна Российн эскаран квартирмейстерандекъера дивизионан квартирмейстеран Л. Л. Штедеран эпсаран хаамашкара, иза ша 1781 шарахь хилла ГӀалгӀаймахкахь, Ӏалашо йара тӀеман-топографин хаамаш гулба, гайтина Несара эркаца гӀалгӀайн гӀарулийн посташ[8]. ЧӀагӀдо кхин хьалха а Несара хьахайар, масала 1769/1770 шерийн италихойн математикан, астрономан, геодезистан, картографан Джованни Антонио Рицци-Заннонин «Ӏусманийн империн къилбаседин декъан» картин тӀехь[9]. Российн официалан документашкахь чӀагӀйина нах беха меттиг Несара дуьххьара хьахийна 1810 шарахь[10] Несаран чӀагӀонах, гӀап йина инарло И. П. Дельпоццос Мазалкера БуритӀе боьду некъ къовлархьама. ЧӀагӀонан белхаш беш балийра Мазалкера оьрсийн тӀеман инженераш[11].
Кавказан тӀом болуш, 1817 - 1832 шерашкахь Несара гӀап цкъа йухайина а, чӀагӀйина а ца Ӏара. 1818 шарахь Несаран чӀагӀо чӀагӀйира А. П. Ермоловс, оццу шарахь цуо йуьйгӀира Соьлжан лахенашкахь Грозни-гӀап. Несаран чӀагӀонна гергахь лаьттара Теркан гӀазакхийн гӀаланаш Обарг-Йурт, Сипсо-ГӀала, Эха-Борзе, Мохьмад-хитӀе. 1841 шарахь апрелехь гӀопан тӀелетта Имам Шемал йухатохарна императоро Николай I-чо Несаран йукъараллин совгӀат дина Георгийн байракхца[7].
1858 шарахь Несарахь гӀаттам белира. Меттигерачу бахархойн доллара а, лаьттан а бакъонаш луьсту комитето гӀаттаман бахьнаш дийцира, цара бохура гӀалгӀашна ца лаьа билгалйаьхначу меттигашкахь Ӏан, иза бахьнехь, «хила йеза терго ца хуьлу царна тӀехь». ГӀаттам боьдуш гӀалгӀайн бахархой аьттонза гӀиртира гӀазакхашкара Несара гӀап йаккха. ГӀаттам аьттонца охьатаӀийра А. И. Барятинскийс. 1860-гӀа шерашкахь сацам бира Несаран чӀагӀо кхин а чӀагӀйан, цунна гӀопан гергахь йехкира керла гӀазакхийн гӀаланаш — Эльдархан-ГӀала, Ангушт, шолгӀа Соьлжин а ГӀажарийн-Юрт.
Россера гражданийн тӀеман муьрера Несара гӀалахь йаьржинера революцин ойланаш, уьш йоьзна йара большевикийн латта дӀасадекъаран кхайкхамца. 1918 шарахь йолайелира гӀазкхий дӀабахаран политика, иштта 1918 шеран 22-28 майхь Теркан къаьмнийн III гуламо тӀеэцна сацам лаьттан долахошкара даккхий латтанаш схьадаха, долара латтанаш дӀадаха, гӀазкхийн асанаш дӀайаха аьлла. Оцу муьрехь Теркан а, Соьлжин а бердаш тӀехь хуьлу гӀазакхийн гӀовттамаш. Цигахь дакъа лоцу гӀалгӀайн хьал долчу доьзалша а, церан а хуьлу паччахьан заманахь бахамаш. 1918 шеран ноябрера 1919 шеран февраль кхаччалц тӀемаш дуьйлало Къилбаседа Кавказехь, цигахь большевикашкахьара болу гӀалгӀайша дуьхьало йо кӀайнгвардейцашна.
Кавказера тӀемаш бахьнехь А. Г. Шкурон аьтту белира Несара ларйеш большевикашкахьа болчу бахархошка гӀала дӀайалийта. Толам баьккхинчул тӀехьа А. И. Деникинан Шенлааман эскаре гӀазакхашца цхьаьна бахка буьйлабелира, кӀайнгвардихошка ойла йолу, цхьаболу гӀалгӀай а. Теркан областан Несара гуонера вахархочо С. А. Мальсаговс кхоьллира Шенлааман эскаран йукъахь Хьалхара гӀалгӀайн дошлойн полк. 1920 шарахь, Деникинан эскар эшначул тӀехьа, Несарахь йуха а меттахӀоттийра советийн Ӏедал. ГӀалгӀайн къоман большевикийн гуламан сацамца ЦӀечу Эскаран дан луш долу гӀо де аьлла тӀеийцира. 1920 шеран ноябрехь Несара гӀала официалан йукъайахна Ламанан ССР, цул тӀехь цунах 1921 шеран 20 январехь ЙЦКхК декретаца йира Ламанан АССР.
1924 шарах Ламанан АССР йукъахь йара РСФСР Кхъилбаседа-Кавказан мохк. 1929 шарахь Ламанан АССР йукъара Соьлжин гӀазакхийн гуо дӀабаьккхира, цул тӀехьа махках бехира теркан гӀазакхий Несара гуонахьара гӀаланашкара, ткъа 1936 шарахь Ламанан АССР йукъара йаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн АССР РСФСР йукъахь, цунна йуккъе туьйхира хилла Соьлжин гӀазакхийн гуонан латтанаш. 1944 шарахь сацам бира нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаха, иза бахьнехь Несара йуьрт йукъайахара Къилбаседа-ХӀирийн АССР, цӀе хийцира Коста-Хетагурово[7] (хӀирийн поэтан Хетагуров Костин сийнна). 1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀехьа йухайерзийна историн цӀе Несара. ГӀалин статус йелла 1967 шеран 16 октябрехьа. ГӀалахь 1980-гӀа шерашкахь йира дуккха квартирийн 5, 9 гӀат йолу цӀенош.
1992 шеран июнехь Несарахь кхоьллира Российн Федерацин керла йинчу ГӀалгӀайн Республикин администраци.
ГӀала официалан коьрта шахьар йац, амма ГӀагӀайчоьнан административан, оьздангаллин, экономикин йукъан функцеш кхочуш йина 2000 шо кхаччалц, керла коьрта шахьар йиллалц — МаӀас, лаьтта 4 километр Несарна уллехь. 2004 шарахь ШолгӀа нохчийн кампанехь тӀелетира тӀемлой Несарна, цигахь тӀелетира меттигера бахархошна а, милицина а:[12] 98 стаг вийра, 104 чевнаш йира. Несара гӀалахь низам латто лаьтта тӀемлойн дакъа.
Несара гӀалин ГӀалгӀайчоьнан административан-мехкан хӀоттаман республикин маьӀнин гӀалин статус йу[13], меттигера урхаллин гуран чохь кхуллу гӀалин гуо Несара гӀала.
Несара гӀала йекъало йеа административан гуонна[14][15][16]:
№ | Административан гуо | Бахархой, ст. | ОКАТО код |
---|---|---|---|
1 | Альтиевн | ↗8457[1] | 26 406 362 |
2 | Гамурзиевн | ↗12 413[1] | 26 406 368 |
3 | Несара-Коьртан | ↗24 884[1] | 26 406 371 |
4 | Йуккъера | ↗76 507[1] | 26 406 378 |
Несара гӀалин администраци лаьтта, цуьнан гӀовсех, гӀуллакхийн урхалчех, дакъойн хьаькамех, коьрта говзанчех, говзанчех, кхин а административан гуонийн коьртех.[14]
Несара гӀ. администрацин структурин йукъа йоьлху Несара гӀ. меттигерачу Администрацин меженаш:[14]
Несара гӀалин меттигера ша шен урхаллин меженийн структура йу:[16]
ГӀалахь йеха Российн ФКхГ Къилбаседа-Кавказан дозанан урхаллин Несаран дозанан тоба (кхоьллина 1995 шарахь)[17] а, 126-гӀа ЧГӀМ Российн чоьхьара эскарийн полк (2004 шарахь дуьйна)[18].
Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштан некъан Беслан — Сипсу-ГӀалин асанера ЦӀерапоштан некъан станци Несара. Хьалха цӀерапоштнекъ биллинера Несара станцин тӀера Соьлжа-ГӀала кхаччалц, амма Нохчийчохь тӀом болучу хенахь Сипсу-ГӀалара Соьлжа-ГӀалин тӀекхаччалц дӀасакхехна.
Болх беш йу 9 маршрут гӀалин автобусан, цигахь болх бо ПУП «ГӀалгӀайавтотранс». Леларан хӀоттам: жимачу классан автобусаш ГАЗ-3221 «Газель», жимачу классан автобусаш ПАЗ-3205 а, ПАЗ-3204 а.
Несарахь дӀайаьхьна охьа тохарех латаран Российн чемпионат 2017 шеран а, дзюдох латаран Российн чемпионат 2019 шеран.
ГӀалахь пхиъ доккха а, 15 гергга жима а маьждиг ду.
Российн тӀемлой декъехь болх беш йу зугӀар Сийлахь Кхааннан цӀарах.
Бинарш Несарахь:
Халмурзаев Хьасан Махьмад воӀ — российн дзюдоист, 2016 шеран олимпийн чемпион категорехь 81 кг, Европин чемпион[19], жимахошна йукъахь Европин чемпион, Российн чемпион, Сингапурера 2010 шеран жимахойн Олимпийн ловзарийн совгӀатхо, Кванджура 2015 шеран аьхкенан Универсиадин чемпион. Российн спортан хьакъдолу говзанча.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.