дуьненан динех цхьаъ From Wikipedia, the free encyclopedia
Наса́ралла (Ӏаьр. النَّصْرَانِيَّةُ Ан-Насра́нийя), Масийхьалла (Ӏаьр. المَسِيحِيَّةُ Аль-Маси́хьийя), йа Эрмало́йн дин — иза дуьненан а, Ибрахӏиман динех а цхьа доккха дин ду. 33-чу шарахь гергга Палестинехь, Ӏийса пайхамаран ﷺ дахарна а, цуьнан шариӏатна а, цуьнга доссийначу Инжилна а гонаха кхолладелла ду иза. Цуьнан агӏончийн дукхалла 2,5 млрд гергга йу, ткъа географин даржаран агӏора — хӏор махкахь цхьаъ хилла а насарийн йукъаралла йу.
Йуьхьанца Дела цхьаъвеш хилла дин ду иза. Насараш тешаш бу ӏйиса пайхамар Масийхь а ву, Делан кӏант а ву, адамаш кӏелхьардаьккхинарг а ву аьлла. Ткъа Аллахӏа цара Шена тӏехь кхоьллина йолу харцонаш а, церан нийсадоцу тешар (ӏакъийдат) а Сийлахьчу Къуръан чохь билгалдина масийтта сураташкахь, царна инкарлойеш[1][2][3].
Насарийн коьрта йолу тобанаш йу: католицизм — 1,3 млрд гергга адам; протестанталла — 800 млн гергга; православи — 280 млн гергга; Малхбалехьара православин килсаш (миафизитство) а, Малхбалехьара Ассирийн килс (несторианство) а 70—80 млн[4][5].
Насаралла кхолладелла I-чу бӏешарахь Палестинехь, йуьхьанца жуьгташна а, Товратан жуьгталлин мессианистийн боламийн контекстехь арамийн мотт буьйцучу бахархошна а йукъахь. Ша кхолладеллачу дуьххьара итт шарахь и гӏараделира Шема махкахь а, кхийолчу провинцешкахь а, тӏаьхьо — кхийолчу этнически тобанаш йукъахь а. Риман императоран Неронан заман чохь насаралла гӏарадаьлла девзаш дар Риман империн дукхахйолчу провинцешкахь[4].
Пачхьалкхан дин ду аьлла, насаралла дуьххьара тӏелаьцна хилла Йоккхачу Эрмалойчохь 301-чу шарахь[6][7][8][9].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.