Мэйдзин реставраци
From Wikipedia, the free encyclopedia
Мэйдзин реставраци (яп. 明治維新 Мэйдзи Исин?), йевза кхин а Мэйдзин карладаккхар а, Мэйдзин революци а — 1868—1889 шерашкара Японин политикин, тӀеман, социалан-экономикин реформийн комплекс[1], цуо йина тӀехьабисина аграран мехках дуьненан коьрта пачхьалкхех цхьаъ. Пачхьалкх йара самурайн системин урхаллера, сёгунатера, дуьххьал дӀа императоран, императоран Мэйдзин а, цуьнан правительствон а урхалле дехьайолуш. Император Мэйдзи, дукхаха болу Японин исторера императоршан санна, мехкан урхалла дан Ӏедал дацара, хӀунда аьлча доккхаха долу Японин историн дакъа (ца хеддаш ала мегар ду Хэйанан муьран чеккхенгара, цунна йукъахь Мэйдзин реставрацин мур), императоршкахь формалан абсолютан Ӏедал хиллехь а, лоруш хилла «дийна деланаш» санна, амма реалан Ӏедал ца хилла, иза дара тӀемлойн урхалчийн карахь (Сёгунийн), ткъа тӀехьа парламентан а, тӀемлойн а.[2][3]
Мэйдзин муьро хаъал Ӏаткъам бина пачхьалкхан хӀоттаман, закононашна, Императоран кератана, провинцин администрацина, финансашна, промышленностан, дипломатин, дешарна, динна, Японийн дахаран кхачонан кхечу агӀонашна. Мэйдзин реставрацица доьхку керла хенан а, японин къоман пачхьалкх кхоллар, японин къам билгалдаккхар. Мэйдзин мур амал йу японин ламаста дахар кагдеш, цӀеххьана оьздангаллин, технологин, экономикин, Японин ша шена изоляцин политика дерриг дозанал арахьарчун. Цундела реставрацех наггахь олу «Мэйдзин революци».