Можа тӀуьска олу аьрзу — (en. Eastern Imperial Eagle), (оьрсаша "Могильник" олу). Шуьйра тIемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. ЦIога доца ду цуьнан. Бос мокха бу. Бос таьIIана-мокха хиларна Iаьржо ю ала мегар долуш ю иза. Коьртан тIуьска можа ю цуьнан. Белашкахь кIайн тIедарчий ду. МIараш дартананчул кегийра ю. ТIемаш дIай-схьай даржийчи 2 метр гергга ду.

  • И тайпа аьрзунаш ю вайн мехкан хьаннашкахь, буц-аренашкахь Малхбалехьа Байкал Iома тIе кхаччалц йолчу меттигашкахь, Юккъерчу Азехь, цуьнан къилбаседехьарчу дазоне кхаччалц Закавказехь, Туркменехь, Таджикистанехь. Дозанал арахьа малхбузе Европехь, Къилбаседа-Малхбузехьа агIор Африкехь, Жимчу Азехь, Иранехь. Вайн республикехь и тайпа аьрзунаш лаха аренашкахь хуьлу. Шишша цхьана хуьлу уьш. Баннаш синтарех до, диттийн баххьашкахь. ХIоьаш апрель баттахь до I-3. Мекханан басахь ал тIедарчий а долуш кIай хуьлу хIоьаш.
  • Тойна 45 дийнахь доккху стен а, боьршан а аьрзу рогI-роггIана тIе а хуьйшуш. КIорнеш бенара гIовтту июль бутт чекхболуш я август бутт болалуш. Церан даар: пхьагалаш, дехкий, олхазарш - еллачу хIуманийн дилх ду. Вайн республикехь кIезиг ю уьш. Шелковской, Наурский, районехь наггахь тосало и тайпа аьрзу.
Доца факташ Можа тӀуьска олу аьрзу, Ӏилманан классификаци ...
Можа тӀуьска олу аьрзу
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Aquila heliaca Savigny, 1809
Ареал
сурт

     Бенаш до ареал

     Ӏа доккху ареал
Ларйен статус
Экаме
IUCN 3.1 Vulnerable : / 22696048
ДӀачӀагӀа

Йолу меттиг билгал а йоккхуш ларо еза уьш.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажорагаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.