From Wikipedia, the free encyclopedia
Ло — атмосферин йочанийн, лаьтта кегийра шен кристаллех. Йукъадоьду, латта тӀе оьгучу, гуонаха дуьллучу йочанех[1].
Ло кхоллало, микроскопин хин тӀадамаш мархашкахь тӀе а озийна ченан дакъалго, гӀорийча. Оцу хенахь хуьлуш долу шен кристаллаш, йуьхьанца сов ца хуьлу диаметрехь 0,1 мм, охьа а оьгуш, даккхий хуьлу тӀуналло хӀавао конденсаци йар бахьнехь. Цу тӀе кхоллало йалх са болу кристаллан кепаш. Хин молекулин структурин зӀаьнаран кристаллин хила тарло сенаш 60° а, 120° а. Хин коьрта кристаллан чӀапаллин йу нийса йалхсаболчун кеп. Иштта йалхсаболчун лакхенашкахь охьаховшу керла кристаллаш, царна тӀе — керланаш, иштта хуьлу тайп-тайпана кепара чимашшах седарчий. — атмосферин йочанийн, лаьтта кегийра шен кристаллех. Йукъадоьду, латта тӀе оьгучу, гуонаха дуьллучу йочанашна[2].
Лакхара термик хилча кристаллаш масийттаза вертикалан лела атмосферехь, дакъошкахь йуха кристаллизи йеш. Иза бахьнехь ийна кепаш кхуллу. Йерриг йалх зӀаьнар кристаллизаци хуьлу цхьана хеннахь, тера хьелашкахь а, цундела и лай чимаш иштта тера ду.
Лон кӀайн бос кхоллало лайн йукъахь болу хӀаваъ бахьнехь. Хила тарло тулгӀенийн йохаллин серло схьакхета дозанера шенан кристаллан а, хӀаваан а, амма иза дозу химин хӀоттамах оьцу тайп-тайпана беснаш[3].
Лай чимаш лаьтта 95 % хӀаваах, цуо лахара луьсталла йо цуьнан (100—400 кг/м³), лахара сихалла дожаран (0,9 км/сахьт).
Уггаре даккхий чимаш эгна 1887 шеран 28 январехь ло догӀуш Форт-Кьоу , Монтана штатехь, АЦШ; цхьаьнна царех барам бара 15×8 дюйм (38×20 см гергга)[4][5][6]. Братскехь 1971 шарахь эгна лай чимаш 20×30 см барам болуш[5]. Дукха хьолехь лай чимийн барам хуьлу 5 мм диаметрехь, масса 0,004 г гергга.
Дукха кепара лай-чимаш хуьлу, шиъ цхьатерра чим ца хублу олу. Масала, Либбрехт Кеннетс — автор ву уггаре йоккха а, тайп-тайпана а лай чимийн коллекцин — боху: «Массо а лай чимаш тайп-тайпана ду, уьш тобанашка декъар (классификаци) — иза дукхаха дерг шен гӀоле хетачун болх бу». Атта лай чимаш — масала, призмаш, кхоллало лахара тӀуналла хилча — цхьатерра хета тарло, хӀетте а молекулин тӀегӀанехь уьш къаьста. Чолхе седарчех тера лайн чимийн йу уникум, бӀаьрган къаьста геометрин кеп, иштта кепийн вариант, Киотон Университетера Рицумэйкан физикан Нельсон Джонан ойланца из, йоккха йу, терго йеш йолчу чем Анин атомел[7].
Ло дар а, лайн чкъор а ду Ӏаьнан атрибут полюсан а, барамера а шораллашкахь.
Лайн чимаш оьгу латта тӀе гӀатлин-догӀанан мархашкара, хьалха хин тӀадамаш тӀелета цунна чохь долчу конденсацин буьртигашна, кегийра ченан дакъалгашна. Нагахь атмосферин лакхарчу чкъоьрнашкахь температура йалахь −10° тӀера −15°С кхаччац йалахь, тӀаккха йочанаш йогӀу ийна тайпана (догӀа лайца йа тӀеда ло), ткъа нагахь иза −15°С лахара йалахь — тӀаккха йочанаш лаьтта шен кристаллех (лонах)[8].
2012 шарахь дуьйна Дуьненайукъара лыжин спортан федерацис (FIS) дагадаийтина январан тӀаьххьара кӀирандийнахь даздо «Дерригдуьненан лон де».
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.